Пакистанан президент хиллачу Мушарраф Первезан кхел тIаьхьатеттина

Пакистанан президент лаьттинчу Мушарраф Первезе кховдон кечбина бехк юхаоьзна Пакистанан ханна болх бечу Iедало. Инарла прокуроро Кхадир Ирфана тахана пачхьалкхан Лакхарчу Кхеле дIахьедар дина, оцу кепара сацам, ханна хаьржинчу Iедалан карахь долчунна тIех долуш ду. Цундела, Стигалкъекачу беттан 11-чу дийнахь хир болчу парламентан харжамашкахь хаьржинчу министрийн хIусамо караоьцур ду и гIуллакх, аьлла.

1999-чу шарахь Iедалан карчам хиллачул тIаьхьа, мехкан урхалле веана хилла Мушарраф 2008-гIа шо кхаччалц Iийра Пакистанан куьйгаллехь. Цул тIаьхьа шен лаамехь дIавахана Iийра пачхьалкхан арахьа.

Парламентан кандидат а хилла, харжамашка ваха дагахь вара иза. Амма меттигерчу харжамийн комиссеша дихкира цунна харжамашна кечам бан. Иза цкъачунна шен цIахь, чувоьллина латтош ву. Кхечу зуламашца цхьаьна иза бехке веш ву, кхелахой даржех бохорна а, кхоччуш кхерамазалла кхочуш а ца яелла, хIетахь премьер-министр хилла йолу, оппозицин лидер Бхутто Беназир 2007-чу шарахь ерна а.