КΙирандийнахь эзарнаш хьаькамаш, школашкара дешархой, хьехархой, кхечу хьукматашкара белхалой арабаьхнера Нохчийчохь керстанийн кешнаш цΙандан. Иштта кечбеш бу мохк тΙебогΙучу беттан юьххьехь хиндолу керстанийн пасхана, оцу дийнахь гергарчийн кешнашка богΙур бу махкана юьстаха беха оьрсий, эрмалой.
Шатайпа ламаст а хилла дIахIоьттина Нохчийчохь хIора шарна а керста динехь болчеран кешнашкахь цIано яйтар. БIеннашкахь «шайн лаамехь» бахархой: хьехархой, лоьраш, студенташ, кхиболу Iедалан балхахь мел болу гIуллакхъхой ара а баьхна, керста динехь болу нах дIабоьхкина кешнаш цIандеш белхи дIабаьхьна махкахь кху беттан 28-чу дийнахь а. Соьлжа–ГIалахь долу кешнаш доцуш, къух-нехаш дIайохуш, сир-кир деш, битаме далийна Новран, Шелковскан, Теркйистан кIошташкара а, кхечу меттигашкара а кешнаш.
ТIебогIучу беттан 5-чу дийнахь марха досту де ду керста динехь болчеран. И дезде тIекхачале бохуш, жигара даьккхина махкахь кешнашкахь цIано яйтар. Бакъду муьлш дукха бу я кIезиг бу ала хала а долуш, хIора шарна а, лаахь а, ца лаахь а и кешнаш цIандайтар белхахошна тIедожор бахьанехь, бекъамаш а хаало вайнехан юкъараллехь.
Цхьаболуучара чIагIдарца, Нохчийчохь эзарнашкахь дIатарбинчу оьрсийн эскархошка цIандайта догIура и кешнаш, бусалбанаш а ца хьийзош. Цу хьокъехь бахархоша масалш а даладо. Вайнах бохийна Сибарех хьовсийначу кхойтта шарчохь, боху цхьаболучара, нохчийн кешнаш ларра-м муххале ца динера, мелхо а говрийн а, даьхнийн а божалшна а, тIайшна а, кхечу гIишлошна а, чарташ буха а дохкуш, хIаллакдинера. Цу кепара дагалецамаш кхобучех ву Новран кIоштан Алпату-эвлара 66 шо долу Умаров Висхан.
Your browser doesn’t support HTML5
Масаллна аьлча, Теркйист-кIоштан Горагорск-юьртахь керста кешнаш цIандеш дакъалаьцначу ши бIе сов хьехархойх цхьаъ ву Мусаев Рахьман. Цо мелхо а вайнахана юьхькIаме хIума ду боху оьрсийн кешнийн доладар. Цуьнан санна хьажам болучех ву шен юьззина цIе йоккхийла ца лиина хьехархо Сапар а. Делахь а сан цу шинца нисделлачу къемелехь, цхьана агIор цара шайна товш хIума ду бахахь а, хаало, гергарчийн а, могIарерчу оьрсийн а бала а боцуш, керста нехан кешнаш цIандар царна кIордийна хIума хилар. Ишта бара тхан къамелан чулацам.
Your browser doesn’t support HTML5
Тахана Нохчийчохь цхьа цецвала а, цхьанне а тамаше хета а хIума дац керста нехан марха досту де герга кхачарца, бертахь а, бертаза а, кешнашкахь цIано ян бIеннашкахь Iедалан балхахь болу бахархой арабахар.