Нохчийн маттана лерина суьйре дΙаяьхьна Германерчу Фирзен-гΙалахь бехачу нохчаша. Дезде санна тΙеэцна и хилам массо а дакъалацархоша. Суьйре кечйинчаьрца а, ненан маттах доглозучаьрца а къамел хилира Маршо Радион.
Кхо бутт сов хан ю немцойн Фирзен-гIаларчу маьждигехь меттигерчу нохчийн бераша ненан мотт Iамош болу. Шина кIиранах цкъа цу гIалара а, цунна гонахьарчу меттигашкара а бераш а, церан дай-наной а схьагулло цигахь, мотт Iамийна ца Iаш, иштта вайнехан гIиллакх-гIуллакх а, ламасташ а, исбаьхьалла а хьоьхучу шайн хьехархо Мадалова Зараъ йолчехь. Шайн нохчийн мотт хьехаран кхерч схьаелларх лаьцна иштта дуьйцу Зараа.
Мадалова: „И бала тхоьгахь болу дуккха хан яра, амма цхьацца ца нислуш, лаьтташ дара тхан гIуллакх. ХIинца эххар а тхан тобанехь йолчу Кисас, меттигерчу цхьаьна маьждигехь барт а бина, чохь оьшуш мел долу хIуманца ши чоь яьккхина тхуна. ХIетахь дуьйна, Дечкен-баттахь дIадуьйладелла, и болх беш ду-кх тхо, мотт Iамош“.
Зараа ма-аллара, и хIусам нохчийн мотт Iамо луучу берашна маьждиган куьйгалло ялар, Фирзенехь ехачу Акуева Кисин жигараллах пайда а баьлла, нисделла. Цо ша дуьйцу шайн боламах лаьцна.
Акуева: „Вовшахкхеттачохь, и тхайн лазам даима вовшашка буьйцуш хуьлура тхо, берашна мотт Iамор муха Iалашдийр дара теша, бохуш. Кхузахь, тхан гIалахь маьждигехь чоь тхуна яларна тIера дIадоладелира-кх тIаккха оха берашна мотт Iамор. ТIекхоче мел долу нохчийн бер кхуза оьхуш ду. ЧIогIа жоьпалле а леладо бераша и хIума. Хазанесанна ойла цу маттана тIе а йирзина церан.
ЦIахь бан белла болх а бо, шайна ца хиича, интернете хьовсий а, вовшашка телефонехула хоттий а. Кху гIалара хилла ца Iаш, луларчу гIалашкара а нохчийн доьзалш оьху тхо долчу. Ур-аттала 400 километар генахь йолчу гIалара а йогIу цхьа зуда, шен бераш а далош, кхуза мотт Iамон“.
ТIаьххьарлера и тайпа цхьаьнакхетар нохчийн меттан денна лерина дара. Шайна богIур бу аьлла хеттачул а алсам нах гулбеллера, бохуш дуьйцу Зараа.
Мадалова: “ЦIахь Охан-беттан 25-гIа меттан де лерина ма дуй. Суна чIогIа деза хета и хIума, эзарнаш шерашкахь схьабогIучу нохчийн маттана лерина эххар а цхьа де билгалдаьккхина хилар. Оцу дийнахь мукъане а нохчийн маттахь бен цхьа дош а ца олуш, иза дIадахьа а лаьара. Цундела и де цхьа тергал а ца деш, тIех ца далийтархьама дагалаьцнера ас и суьйре. Иштта цхьа хаза берашца а, хьешашца а дIадаьхьира оха и де.
ТIаккха, сарахьо, вовшахкхетар чакхене гIоьртича, сан цхьана дешархочо, суна тIе а еъна, элира, суна-м цIаяха а ца лаьа, ма хаза ду кхузахь, аьлла. Нохчийчохь ша йолуш санна хета-кх шена, аьлла. Боккха там хилира суна цо иза ишшта аьлча“.
Берашна нохчийн мотт Iамор Европехь мелла а тIаьхьадисина вайнахалахь. Цуьнан цхьамогIа бахьанаш а ду, шаьшца цу гIайгIанечу хиламан орамаш бийца йиш йолуш. Акуева Кисина хетарехь, нохчий Европе схьабаьхкинчу хенахь, уьш цкъа хьалха дIатарбала безара, я вошнашна тIекхочийлехь а бацара. Амма заманца и хьал хийцалуш ду, боху цо.
Акуева: “Схьадаьхкинчу хенахь цу хIуманна тIе ойла яхийта аьтто ца хилла нехан. ХIунда аьлча, вевзаш стаг вацара, вовшашна тIекхача аьттонаш бацара. Кхузахь, Германехь, масала, нах ген-генахь бехаш хуьлу, ткъа ваха а, ван а машенаш яцара юхьенца нехан.
Меттан гIуллакхан лазам даима а хилла мухIажирийн, амма хIумма а кхочуш дан таронаш ца хилла. ХIинца кхин хьал ду. Нехан кху пачхьалкхан олаллаш а ду, ваха а, ван а машенаш а ю. И хIума мел мехала ду тхайна кхеташ хиларх терра, иштта вовшах а кхетта, и болх беш ду-кх тхо. ДIадолор хала хиллехь а, амма беркате нисделла тхан. Иза иштта тIейогIучу хенахь а беркате хирг хиларх тешна ду тхо“.
Хийрачу мехкашка дIакхелхина, цигахь дуьххьарлерачу халачу муьран аьрхалла бахьана долуш ненан мотт Iамор мелла а юьстахдиссина хиллехь а, ненан мотт шайна а, шайн берашна а мел чIогIа оьшу бохучух кхета а кхетта, иза Iамон беззачу тIегIанна тIехь Iамон хьогалла IаьIна Европерчу дуккхаъчу нохчийн доьзалшкахь. Фирзен-гIаларчу маьждигехь, ген-генара схьа а оьхуш, нохчийн мотт Iамочу кхерча вайнехан бераш гуллуш хилар ду цуьнан тоьшаллех цхьаъ.