Царнаев Тамерлан дΙаволла бакъо ю гергарчийн



Ιамеркахь, Бостонехь бахначу беттан 15-чу дийнахь, кхо стаг а вуьйш, эккхийтина ши бомба Царнаев Тамерланан - шина вешех-нохчех вийна волчу воккхачун -хΙусамехь кечйина хилла, хаам бина полицино.

Царнаев Тамерланан дакъа теллина а бевлла, еарий дийнахь гергарчаьрга дΙаделла, хаам бо Ιамеркан прессано. Иза хьаьнга дΙаделла хоуьйтуш дац. Ιамеркахь стаг муьлххачу хьелашкахь кхелхинехь а, Ιедалан низамехь дац дакъа гергарчарах хьулдеш, Оьрсийчохь санна. Хууш дац цкъачунна стенгахь Царнаев Тамерлан дΙавоьллина а.