20500 стаг гΙур ву ХьаьжцΙа Оьрсийчуьра



Кхушара ткъа эзар ах эзар меттиг кхаьчна Оьрсийчуьрчу бусулбанашна ХьаьжцΙа баха. Царех ах меттигаш Дагестанна кхаьчна. Нохчийчуьра 3600 стаг вохуьйту цига кхушара.

Дустар далийча, уггаре дукха бусулба нах бехачу ГΙезалойчоьнна ца кхаьчна цхьа эзар ах эзар меттиг бен. 10 туристийн хьукмат хир ю нах ХьаьжцΙа буьгуш.

СагΙийна шайн чоьтах нахана хьаьждан аьтто беш ваьлла Дагестанехь цигара бизнесхо Керимов Сулейман – 2800 гергга стаг гΙур ву Макка цуьнан чоьтах.

Шайн ахчанца баха леринарш а бу бусулбанашлахь, харж нисло цхьанна тΙера юккъерчу барамехь 100-140 эзар сом.