Ассошиэйтэд прессан 20 журналистан къамелашка шина баттахь ладоьгIна Iамеркан Юстицин Департаменто

Associated Press бахарехь, Iамеркан юстицин министралло къайлаха цуьнан журналистийн а, редакторийн а шина баттахь дина къамелаш схьаэцна. «Шуьйра а, цкъа хилла доцу а» зорбанан гIуллакхашна юкъагIертар ду иза, боху Ассошиэйтэд прессо.

Компанин президенто Прюитт Гэрис оршот дийнахь прокуроре латкъам бина цу хьокъехь. Iедалан цхьана кепара бакъо яц, еха а, доларчу информацех пайда эца, аьлла Прюитта. Нийсонан Департаменто компанега даханчу пIераскан дийнахь аьлла хилла, Iедало телефонан компанешкара дехнера, компанин 20 стеган телефонехула дина къамелаш. Iедало цкъачунна ца аьлла шена и информаци хIунда езаш яра.

Дийцарехь, Цхьанатоьхначу Штатийн прокурор таллам дIахьуш ву, Йеменехь контртерроран операци дIаяхьарх лаьцна Ассошиэйтэд прессе даханчу шеран Стигалкъека беттан 12-чу дийнахь информаци хьан елла хьажа.