Теркйистерчу Iели-Юьртахь адаман даьIахкаш карийна меттигерчу берашна. Уьш толлуш ю хΙинца Новр-ГΙалара лабаратори. Ишттаниг иккхича, къиза тΙом бирзина баланза хиларе терра, геннахула дΙасадаьржа махкахь. Хууш дац, карийна дакъа муха толлур ду-м. Кремлан лаамца дихкина нохчашна беллачийн даΙахкаш кегон а.
Iелин-Юьртан йистехь, ГIамаран ор олучу меттехь, берашна-кхиазхошна адаман даьIахкаш карийна кху беттан 21-чу дийнахь. Куьйга гIум а йоккхуш, и машена тIе юттуш кхиазхой а болуш, берд чу а хаьрцина, гучуевлла даьIахкаш, дийцарехь. Дуьххьала царна тIеIоттавеллачех цхьаъ ву циггахь со тIенисвелла Мохьмад цIе йолу кIант. И ву дуьйцуш уьш караярх а, шаьш уьш схьа а охкуш схьаяхарх а.
Мелла а хенарчу бахархошна хетарехь, дуккха а хан хила еза, велларг милла велахь а я елахь а, цуьнан дакъа лаьтте дерзийна. Иза ишта ца хилча, боху и даьIахкаш гинчара, и дакъа къайлах дIатаIийна хилча, цунна тIехь бедарех, я марчонах цхьа хIума-лар йисина хила декхар дара.
Новр-кIоштера кхайкхинчу говзанчаша –эксперташа зераш дан цу диннахьехь дIаяьхьна даьΙахкаш. Цхьаболчу бахархоша чIагIдарехь, цара къадийна карийна даьIахкаш зудчун даьIахкех тера еттало бохург. Кхин официало церан хьокъехь гIардаьккхина хIумма а дац.