94 шо долу Нельсон Мандела дарбан цIийне кхачийна

Къилба-Африкан республикан куьйгалхо лаьттина волу 94 шо долу Нельсон Мандела тахана Iуьйранна дарбан цIийне кхачийна пехийн цамгар карзах а яьлла.
Къилба-Африкан президентан Джейкоб Зумин администрацино бечу хаамца, иза чIогIа ву, делахь а, кхин чолхе долуш дац цуьнан хьал.

Адамийн бакъонашкахьа къийсина а, Нобелан машаран совгIатан лауреат а волу Манделас 27 шо даьккхина набахтешкахь. 1990-чу шарахь иза маьршавелира. 1994-чу шарахь президентан харжамашкахь толам а бьккхина, дуьххьарлера Iаьржа президент хIоьттира Къилба-Африкан республикехь.