"Даздаршка" кхерамо лоьхку нохчий

Нохчийчоь -- Оьрсийчоьнан де билгалдаккха далийна бераш, Соьлж-ГIала, 12Ман2013

Оьрсийчоьнан де, лакхарчу хьакамийн лаамца, шуьйрра даздина Нохчийчохь. Соьлж-ГΙала кхача декхаре динчу бераша а, хьехархоша а, лоьраша а, кхечу хьукматийн белхахоша а дΙалаьцна яра шахьаран коьрта майданаш. Ιедалан барам ларбеш лаьттара эзарнашкахь герзахой...



Дукхахболчу бахархойн кхетаме дижина дац Оьрсийчоьнан де вуно мехала хилар. И хIун де ду, стенна лору и деза, аьлла, хеттаршка ваьлча, схьахеза жоьпаш дукха хьолахь цхьанатайпанара ду: «ца хаьа", "хаам хаац».

Нохчийчохь и де лераме цахиларан гайтам бу Iедалдайша кIоштийн хьаькамашна ден буьйраш. Масала, уьш декхаребина Оьрсийчоьнан Де даздан, Советан Iедал долуш май-параде санна, Соьлж-ГIала бIеннашкахь адам дIакхачо. Декъашна тIехь ду шайн чоьтах шахьара кхача а, байракхаш карахь майданхула буьйлабала а, хьовсархой хилла самукъане маьхьарий детта а.

Селхана дийнан делкъана дуьйна шайн белхошка зIенаш етташ, варийлаш, варийлаш, ца даьхкича йиш яц, ледарло ма ялийталаш, бохуш, къардайна хьийзаш бара кIошташкара хьаькамаш.

Бертахь а, бертаза а гIала кхуьйлучу наха даре а деш, дукха меттигаш яьхкина, адам дукха тIеозар бахьнехь Соьлж-гIалb юкъа а ца буьтуш, нах новккъара юхабирзина.