Мехкаршна тIе куьйгаш кхоьхьу Кадыровн цIуьхIарша

Гуьржийчоь - Нохчийн мухIажирш чохь беха цIа, Паьнказа, 2013

Ца хеддаш даймахках буьйлу нохчий, сил дукха безачу шайн махках. Орцахвала кху дуьнентΙехь вац цхьа а дожал. Масала, Германи нохчех юзуш лаьттий-те аьлла бу цига тахана баьржина мухΙажирш. Царех цхьамма дуьйцу бахьана. Цо ден къамел хезча, биса а бисиний-те Нохчийчохь къонахий, къинхетам, оьздангалла, олий карзахдолу дог...



Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Юкъаралло Дуьненаюкъарчу МухIажарийн Денца доьзна шайн мохк буьтуш бовда дезначу мухIажирийн терахь цкъа а ца хиллачу рекорде хьалакхаьчна - 45,2 млн.- аьлла, хаам баржийна. Оцу юккъехь лара догIу вайн къоман исторехь цкъа а ца хиллачу кепара лакхадаьлла долу Нохчийчуьра уьдучу мухIажирийн терахь а. И терахь дела денна десташ а ду.

Дуьненчохь хIора 17 секунда моссаза йолу цхьацца стага шен даймохк буьту, мухIажар а волий, элира цу хьокъехь евзаш йолчу Голливудерчу актрисас Джоли Анжелинас, ша кху деношкахь Шемара бевддачу мухIажирийн Урдун-махкарчу лагере яхана йолуш. Иза иштта шозза а хилаа ГIалгIайчуьрчу нохчийн четарийн лагершкахь иттех шо хьалха.

Тахана а бу нах Нохчийчуьра уьдуш. Европе кхочучу мухIажирийн тулгIе цкъа а ца хиллачу кепара бохам а, керла хIума а ду. Цхьа де а ца долу я Берлине, я Вене, я Париже, я Брюсселе, - Варшаве-м муххале а, - нохчийн мухIажарийн дийнна тобанаш ца кхочуш. Оцу тулгIенан йист яц гучехь а.

55 шо ду Тамарин. Масех де хьалха Берлинерчу "Моторка" олучу мухIажирийн лагерехь вовшахкхийтира тхо. Цу лагеран уьйтIахь, ТIулган экъанех диначу сирачу пхиеа гIаттах долчу, Советийн гIишлонаш дагайохкуьйтучу цIеношна юккъехь, уьйтIахь, буьрках ловзуш ду нохчийн бераш. ГIишлойн учахь хеза нохчийн аьзнаш, чоьнашкара схьаеттало нохчийн кхачанийн хьожа. Цу чоьнийн неIаршна хьалха, когара охьабаьхна, дIахIитийна кIархаш а бу Нохчийчохь базаршкахь бухкуш хуьлуш берш.

Тамара дукха хан яц шен доьзалца кху меттерчу нохчех дIакхетта. Бутт кхочуш бу иза Берлине Нохчийчуьра схьаеана.

Your browser doesn’t support HTML5

Нах боцчу нахах бевдда уьш


Керлачу меттехь готта юй-яций бохург шена хьесап дац боху Тамарас, ша гаттонах едда, дегIана паргIато лоьхуш кхаьчна яц кху махка, ша гIелонах едда кхаьчна кхуза.

Your browser doesn’t support HTML5

Маршоне ца кхочу хIумма а


Шел хьалха а, шеца а, иштта шел тIаьхьа а схьадеана дукха нохчийн адам ду Германехь, бохуш, цецъюьйлуш дуьйцу Тамарас. ЦIахь шуьйра даьржина дара боху цо, немцойн канцлеро Меркелс ша миллионе кхаччалц нохчийн мухIажир тIеоьцур ву, аьлла боху хабар. Амма иза тIечIагдеш цкъачунна хIума ца хааъделла шена, боху Тамарас.

Your browser doesn’t support HTML5

Европана нохчий хьашт бацахь а


Тамара эзарнех цхьаъ ю, тIаьххьарчу беттанашкахь Декъастанара бевдда, Германе баьхкинчех. Германе хилла а ца Iа. Иштта нохчийн мухIажирийн керла тулгIе ловш ю Австри а, Белги а, Полша а.