ЖовхIаран кхелехь дакъа лаца Iамерке ца даха сацам бина цуьнан дас-нанас

Iамеркера Бостон гIалахь, марафон дIахьучу хенахь бомбанаш лелхийтарна бехке веш волчу Царнаев Жовхаран нанас Царнаева Зубейдата бахарехь, Жовхарна тIехь дIахьучу кхелехь дакъа лаца ша бина хилла сацам хийцина цо а, цуьнан цIийндас Анзора а. Маршо радиоца шен хиллачу къамелехь цо дийцира, шега телефонаш етта, цига ма гIахьара, Жовхаран гIуллакхана зе хир ду цунах, бохуш.


Царнаева: "Мелхуо а телефон еттачарна ца лаьа со Iамерке йоьдийла. Тхоьга ма дуьйла ала цхьа бахьанаш долчух тера ду церан. Джовхаран адвокаташ дIабохуш бу. Тхо цига долхахь, да я нана – Джовхаран гIуллакхана вуо хир ду боху цара иза."

Iамерке ца яха сацам баран бахьана, цигахь туьканахь хIуманаш лечкоран хьокъехь хьуна доьхьал долийначу бехк-такхаман гIуллакхца доьзна-м дац аьлла хаьттича, Зубейдата иза бух боцуш ду элира.

Царнаева: "Нагахь санна иза бух болуш хIума хиллехь, со Iамеркера дIа йохуьйтур яцара. И гIуллакх леррина теллина хир дара. Цхьа хIума дац церан суна доьхьал. Ладаме хIума дац иза."