Дукха хан ю нохчийн къам шен историна тIаьхьа кхиа лууш долу. Амма хIора шовзткъе итт шарахь къам дакъаза доккхучу бохамаша нохчий гуттар а юхабетта. Дийна бисарна тIегIанера кхин дIа гIулч яккха таро йоцуш. Советан Iедал чIагIделчхьана дуьйна цкъа а и хаттар айъа йиш яцара – националист боху цIе тохара. Ишттачу стеган я дешар, я Iилманан болх дIа ца бахийтара. Нохчийн къоман истори школехь хьоьхуш ца хиларал совнаха, цунна лерина жайнаш дацара цхьанхьа а. Ур-атталла, вайнах цIерабахарца доьзна документаш а.
Багахь кар-кара лучу историн кIезиг кийсакаш нохчийн доьзалшкахь йисина. Дукха нахана ца хаьа, амма, цхьаболчу доьзалшкахь дайша шайн берашна Iамайо, шайн ворхIе дайн цIераш.
ЦIерабевллачу нохчийн хIинца рогIера тулгIе гIаьттина, шаьш муьлаш ду, стенгара схьадевлла боху хаттар охкуш йолу. Цуьнан цхьа дакъа ду, генетикан информаци йолу талламаш болор.
Муьлхачу а нохчочуьнга хаьттича, цулла цIена бух болуш стаг хира вац хIокху нана дегIастнехь. Амма, дIахаьттича, шен вархIе де цIе а ца хууш хуьлу. Иза бохург дац, иза цIенна цIий долуш нохчий вуй, ваций. Нехан и талламаш бан аьттонаш ца хилла.
Нохчийн дукха ширачу заманахь дуьйна, ДНК-талламаш хIун ду а хале, нохчех долу тайпанаш билгалдоккхуш цхьа хIума дара-хIора тайпана хила безаш болу лам. Иза бацахь, хьо баша кIорга нохчий лоруш а ца хилла. Амма, цунна гIело яр осалла а лаьрра.
ХIинца, Iилмийн кхиаран бахьанашца, къасто йиша ю, къоман бух а, тайпанийн вовшах долу гергарлонаш а, ишшта дуккха а хIума. Ваха ван а ца дез. Лаамий, собарий хилчхьана, интернетехула дан йиша йолуш хIума а ду иза. Цхьа шо ду, нохчашна и талламаш бан аьтто болуш. Казахстанехь вехаш волчу Асранов ПахIрудди ву и болх беш. Фейсбукан леррина кхоьллинчу агIонна редактор ву иза. Цо дийцира Маршо радиога, и болх болор хIун бахьан дара а, иза мел пайдехь ду а.
Арсанов ПахIрудди: «Стохка дIаболийна бу и болх. ДIаболор бахьан хIун дара аьлча, вай цIахь боьдуш тIом а болуш, цхьацца институташа а, цхьанатохаралша а, тесташ а йина, хьенехера хIара тоба ю бохуш хIума дара. ТIаккха хьенан тобанаш ю уьш, мила ву иза, нохчо ву, ян гIалгIа ву, аьлла хаьттича, иза цIе йоккхийла дац бохуш дара. Цуьнах вайнахан юккъахь цу тайпаниг деш ца хуьлу. Хьажа веза, таллам бан беза. Гаранаш а башхалла йолуш ма ду, шен схьадаларца. Теллича, гура ду ша дерг. Цундела къайлахь а доцуш, луучо шена тесташ йойтуш йолийна проект ю».
Нохчаша, дукха сиха олуш цхьа хIума галдаьллачу стагана, иза-м цIена нохчийн бух болуш вацара олий. И хIумш юккъера дIадаха а, бан мегар бара и ДНК-талламаш боху Арсанов ПахIруддис.
Арсанов ПахIрудди: «ХIун пайда хира бу цуьнах аьлча, оцу форумашкахь а, кегийчу наха а дуьйцуш, хIара хьенех ву, хIара кхиверг ву бохуш, доцурш дукха дуьйцу. ХIокху юьртара нах, мичара баьхкина, къасто йиша хира ю талламаш бича. Германехь юккъе еккхина ДНК тест ю, хьалах нена агIора бен ялуш яцара церан, амма, хIинца де агIора а ялуш ю бохуш дуьйцуш ду. Хьалха хилла долу къаьмнаш,аланаш хуьлда уьш, ян скифаш хуьлда, цаьрца вовшах хоьттича,гура душ га дерг. ТIаккха эрна къамелш совцура ду».
ДНК-талламаш Iамеркехь беш бу. Пачхьалкха дозаналла арахь бехачу нохчаша беш бу и талламаш дукхачу хьолехь боху Арсанов ПахIруддис. Шаьш бинчу талламийн гучудоьвлачу жамIех ишшта дуьйцу цо.
Арсанов ПахIрудди: « Кхин цхьа хIума ду: хIокху тобанера хилча нохчий ву, ца хичла ваций бохург- иза нийса дац. Тобанаш вай 5 ю: J2,JI,L,Q,G2. Уьш таханлерачу дийнахь вайна хууш ерг ю. И тобанаш таханлера къаьмнаш къастале схьайоьгIуш ю уьш. Сан санна тоба, масла италхойн а, грекийн а ю. Иза ма дац, тхо уллера гергара нах ду бохург. Эзар шераш хьалха къаьмнаш дIасакъаьстана генаш ду уьш»
Нохчийн къам Нашхара схьадаьлла бохург а мел бакъ ду кхоччуш жоп дала мегар ду, алсамо наха и талламаш бина, церан жоьпаш лаьрча. Амма, хIинцале гуш ду, и хIумпа бакъ хила мегаш хилар, аьлла кхин дIа а дуьйцу Арсанов ПахIруддис.
Арсанов ПахIрудди: «Иза талла йиша йолуш ду. Тахан адам кIезга ду оцу проект юккъахь. Мел долу тайпана а гарана а таллам бича, вайна гура ду, бакъ ду, ян дац. тахана, оцу Нашхахь цхьа тоба ю къаьстина. Иза уггаре а шира тоба ю. Цу тIера кхо тоба ю къаьстан. Нашхара шина гаран юккъера а, цхьа эзар, ах эзар хан ю».
Хьалхара тIом балле, Нохчийчохь даьржина хIума дара, тайпана юккъера цхьана цIийна наха, олуш ма хиллара чIиран а дохучеран гергарлойн схемаш хIиттор. ХIета и болх бора, баккххийчара, амма, хIинца и хIума сецца ду. Кегирхойн дог тIе ца доьрзу оцу хIуманна. ДНК-талламаш кхиъ кIорге кховду, нахана дагадогIучулла.
Тахана, Нохчийочхь эзарнаш нах бу, доь доцуш, тIеман хенахь байна. Церан кхолламех дерг а хуура дара, нагахь санна йийра ю аьлла йолу ДНК лабораторий махкахь йинехьарий,амма, къамелалла сов даьлла хIума дац. Оцу талламехь цхьана хIумана кхоьруш ду Iедалш.