Шуна муха хета, махкахь къепе хΙоттош, хΙаллабалур буй Ιедале массо а тΙемалой я машар бийца догΙу Умаровн гонца? Иштта дара вайн дийцаре дина хаттар.
Нохчийчоьнан администратора Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно а, Нохчийчохь ткъеха гΙаттамхо бен а ца вуьсуш, берраш а шаьш хΙаллакбина, бохуш, чΙагΙдо. Ткъа тΙематасадалар иккхича хΙоразза а гучудолу Ιедало харц хаамаш бойла.
Изза гойту ворхΙ баттахь хезаш хилла а воцчу Кавказ-Имаратан амира Умаров Доккас деношкахь динчу къамело. Масала, Хьорсанахь, ткъеха кадыровхо а вожош, шайна бинчу гонера а бевлла, дΙабахана гΙаттамхой. Уьш лаххара а 70 хир вара, чΙагΙдо тешаша.
ЛадогΙархой кхетийла оха тайп-тукхумца тхаьшца къамелаш ден нах ца бовзийтарх. Цхьаъ делахь – ца магадо махкахь хетарг Ιедалан хьажамца гарадолуш нисделча, шолгΙа делахь – Нохчийчохь наггахь а ца бисина, майрра дош а аьлла, Ιедалан тангΙалкха бовла лууш нах.
Your browser doesn’t support HTML5
Шена хетарг доцца боху Соьлж-ГΙалахь вехачу Руслана.
Your browser doesn’t support HTML5
Ала догΙу Русланан жоп хеза хΙора шолгΙа нохчочуьнгара. Хила а тарло тΙом Кремлан дайшна лиича соцуш хила а. Амма лаам муьлхарниг бу хьаьжжина а болчух тера ду Ιедалан ницкъ. Башхалла а ма юй, барт лохуш тΙом берзорний, дерриг а цΙарца, дашца дагийна и сацорний юкъахь.
Теркйистерчу Ιадланна иштта го тΙеман чаккхе.
Your browser doesn’t support HTML5
Лаьттачу тΙамех Ιедална пайда болу, халкъана мел зенаш хилахь а. Амма хеназа дацара, бертан хорша хьал а дерзийна, хабарца а доцуш, дахаран токхенца нохчийн къам сапаргΙат даьккхича, боху Соьлжарчу Заидата.
Your browser doesn’t support HTML5
Теркйистерчу Рамзана а бу шен хьажам вайн хаттарца боьзна. Цо иштта боху.
Your browser doesn’t support HTML5
Маршо Радионо шен сайтехь хаттам а бира ладогΙархошка, нийса ю аьлла хета вариант хоржуьйтуш.
ГΙаттамхой берраш а байъина дΙабаха беза, тΙаккха дерриг а толур ду аьлла хета 4 процент ладогΙархошна.
Махкахь, барт а лехна, Ιедална юкъа гΙаттамхой а бохуьйтуш, берзон беза тΙом, боху 13 проценто.
4 процентана бен башха а дац хиндерг, тΙемаш хилча а, ца хилча а.
Амма 78 процент ладогΙархой бу Кадыров а, Умаров а юьстах а теттина, нохчийн маьрша пачхьалкх кхолла еза аьлла хеташ.