ГΙаттамхо гинарг а шен мостагΙ лору Кадыровн Ιедало


Веданан кΙоштарчу МахкатΙера 50 шо долу вахархо, гΙаттамхошца зΙенехь хилла аьлла, шен лаамехь даре а деш, шена тΙеван декхаре вина полицино. Цунна бехкедо, ах шо хьалха Элистанжана гергахь, карара герз кхачийча, шаьш-шайн гранаташца лелхийтинчу вежарийн ГакаевгΙеран тобанерчу цхьанна цо кхача латтийна хилар.

Полицино бахарехь, тΙеман декъашхо а лоруш, кхеле озор ву иза. ГакаевгΙеран тоба кхелхаш, цунах а хаьдда, Ιедалан каравахначу МахкатΙерачу Темишев Ислама цΙерш яьхначу нехан могΙарера ву хΙинца жоьпе озийнарг.

Оцу юкъанна, ца хеддаш, лаьмнашкахь тΙемалой лохуш ду нохчех лаьтта «Малхбале», Малхбузе», «Къилбе» цΙерш йолу тΙеман дакъош.