ОвхIанистанан парламенто даржах вохийна чоьхьарчу гIуллакхийн министр

ОвхIанистанан парламенто шен даржера дIаваьккхина чоьхьарчу гIуллакхийн министр Патанг Муджтаб. Депутаташа бехке вина иза махкахь кхерамазаллица доьзна хьал талхарна а, министраллехь коррупци лелор алсам даларна а. Парламентан спикеро ИбрахIими Iабдел Рауфа бинчу хаамца, 250 депутатах 136-ммо дуьхьал кхаж тесна министрна.

Цо дехар дина президенте Карзай Хьамиде керла министр хIоттавахьара аьлла. Цкъачунна хууш дац, президентан харжамийн кампани тIекхочуш а йолуш, махкара арадохуш дуьненаюкъарчу коалицин эскарш а долуш реза хир ву, я вац Карзай, парламенто аьлларг а дина, министр дIаваккха.