Гуьржийн керлачу Iедалша Оьрсийчоьнца юьхьарлаьцна некъ нийса ца хета Саакашвилина

Оьрсийчоьнца лортIехь юкъаметтигаш дIанисъян гIертар керлачу Iедалан кIоргенза болу сатийсам бу аьлла хеташ ву Гуьржийчоьнан президент Саакашвили Михаил. Гуьржийн куьйгалхочо интервью елла «Рустави-2» олучу меттигерчу телеканалана Оьрсийн а, Гуьржийн а тIом болабелла 5 шо кхачарна хьажийна.

Саакашвилис дийцарехь, цуьнан Оьрсийчоьнца лелар дара «берзана хьалха Iахаран санна. Амма борз цкъа а хир яц къинхетаме Iахарца, цуьнах кхета а кхетта, шен Европе болчу некъаца дIадаха деза гуьржийн къам» аьлла хета цунна. Хьалхо Гуьржийчоьнан телевизионна интервью луш Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс элира, Тбилисино даре дан деза цу регионехь 2008-чу шарахь дуьйна хIоьттина дерг аьлла.

Цо юха а бехке бира Гуьржийчоьнан куьйгалхой 2008-чу шарахь Марсхьокху-баттахь тIеман конфликт хиларна. Къилба ХIирийчоь а, Абхази а йозуш йоцуш ю аьлла шаьш бина сацам юхабаккха бахьанаш ца го Оьрсийчоьнна бохуш вара Медведев.

Гуьржийчоьнан Iедалша дIахьедарш до, шайн территорина Оьрсийчоьно аккупаци йина бохуш. 2008-чу шарахь тIом хиллачул тIаьхьа Гуьржийчоьно дипломатийн юкъаметтигаш дIахедийна Оьрсийчоьнца.