Муьлхачу дикане сатуьйсу нохчаша хинболчу парламентан харжамашца доьзна? Депутатийн таро юй махкана пайде хила, нехан дахар токхе ден низамаш тIеэца?
Иштта дара Маршо Радионо кху киранна дийцаре дан къастийна хаттар.
Парламент халкъан векал ю – 4,5 %
Парламентан карахь хΙумма а дац - 41%
Нохчийчуьрчу парламенто зен до – 50%
Парламентан сан бала а бац 4, 5 %
Пайде низамаш кхуллу парламенто – 0%
Кхожехь хиллачу хаттарна иштта делла жоьпаш.
Парламенте бакъболу къоман хьажам кхин хила а тарло. Кхеташ ду, Маршо Радионо бина хаттам буьллийла дац плебесцитан могΙара. Делахь а, иштта ду делла жоьпаш.
Телефонан зΙенехула а, тхан корреспонденташкахула а парламентах лаьцна Нохчийчуьра схьа шайн дог-ойла йовзийтинарш а бу.
Новр-ГΙалара Рукъман.
Your browser doesn’t support HTML5
ВаларгтΙера Рамзан.
Your browser doesn’t support HTML5
Гуьмсера Ваха.
Your browser doesn’t support HTML5
Хьалха-Мартанара Висхан.
Your browser doesn’t support HTML5
Лаха-Неврера Яха.
Your browser doesn’t support HTML5
Теркйистера ШаΙран.
Your browser doesn’t support HTML5
Шуьйтара Мовсар.
Your browser doesn’t support HTML5
ЧΙуьлга-Юьртара Леча.
Your browser doesn’t support HTML5
Иштта ду Маршо Радионо, хΙун сатийсамаш бузу нохчаша парламентца, цуьнан таро юй махкана пайде хила, нехан дахар токхе ден низамаш тIеэца, аьлла хΙоттийначу хаттарна дуьхьал яздина а, хазийна а жоьпаш.
Халахеташ делахь, хаттар дийцаре деш Маршо Радиоца зΙене бевллачара меттиг ца ло, нохчийн мохк маьрша бу, и маршо ларъеш, нехан дахар тодан ницкъ болуш цигахь парламент ю ала. КхидΙа а сатийсамашкахь, хьогамашкахь даха дуьсу дукхахболучарна...