Меттигерчу кхело могΙарчу белхахочунна Амиров Мохьмад-Эмина 50 эзар сом гΙуда тоьхна, цо кху бΙаьста Соьлж-ГΙалахь 40-гΙатах лаьттачу «Грозный-Сити» цΙийнах цΙетасарна бехке а вина. ГΙишлошъярхочо, ларамза делахь а, ца мегачу кепехь аьчка болх беш, гΙишлонна мох латточу биргΙанах летта, яьржина хилла цΙе, Оьрсийчоьнан прокуратурано шен сайта тΙехь бечу хаамца.
7 сохьтехь лаьттира хΙетахь яьлла цΙе, 18 эзар метр шор а лур. Чохь адамаш дехаш дацарна, зе ца хуьлуш, яйъира цΙе.
Хиллачух воккхавийна интернетехь аьлла, цхьана жимханна а таΙзар дира ша мехкан администратора Кадыров Рамзана хΙетахь – беттанашкахь маьхаза вацийра иза гΙишло меттахΙоттош.