Тайп-тайпанчу хьостанашкарчу хаамашца, 300 эзар стаге кхаьчча Европехь бехачу нохчийн терахь. ТIаьхьарчу хенахь и терахь кхин а алсам долуш ду. Амма и нах, дукхахьолехь, бекъабелла, тайп-тайпанчу кегийчу тобанашца беха, цхьа а юкъара верасалла доцуш.
Масех шо хьалха, еххачу заманчохь лера а лийрина, Iалашонаш а хIиттийна, эххар а Берлинехь бехачу нохчийн диаспорин векалша цигахь Нохчийн Культуран Кхерч схьабиллича, цунах дуккхаъчу нахана боккха кхаъ хиллера. Моттаделлера эхарр а, Европехь уггаре а яккхийчехь нохчийн диаспора ехачу гIалахь цхьа меттиг хир ю-кх вайнехан а, вовшах а кхеташ, вовшех дага а довлуш, юкъара баланаш а, халонаш а, амма ишта хазахетарш а дийцаре а деш, белхаш дIабахьа.
Юхьанца иштта дан а дара. Схьайиллира Нохчийн Культуран Кхерчахь нохчийн мотт Iамон ишкол. Масех концерт а хилира цигахь, Европе гастролашка баьхканчу эшаршлакхархошца цхьанакхетарш а хуьлуш, цхьаъ-шиъ кхолараллин суьйре а, цхьаъ-шиъ синкъерам а. Ламазан чоь а яра, Далла Iамал ян луучарна кечйина.
Амма цхьа ши шо а ца делира, и Кхерч ша-шах аьлча санна йоха а йолалуш. Юхьанца догтокх хилар довмовла бовларца хийцаделира. Ши-кхо нохчо вовшахкхеттачехь ца хилча ца долуш санна хилла дIахоIьттина долу хьал - политикан бахьанашца йолу инкарлонаш, ваьснаш а дIаюьйлаелира. Зударша къайла-къулах латкъамаш бора, цу Кхерчахь туш тоьхна Iаш божарий бу, зударшна чубовла а, арабовла а меттиг а ца буьтуш, чайнаш муьйлуш Iаш, бохуш. Божарша, шайн агIор, дIайолийра вовшашца йолу инкарлонаш.
Цхьаммо Культуран Кхерчахь политика аьтте яийта мегар дац олура, вукхо хIан-хIа, вайн политикан баьччийн портреташ а, Ичкерин байракх а хила еза пенош тIехь кхозуш бохура. Кхечуо гуттар а Имарат Кавказаца доьзна доцург цхьа а дош ца дора. Юхьанца шортта нохчий бераш ненан мотт Iамон оьхуш хилла йолу ишкол а заманца дIакъовла дийзира, берийн дай-наношна цу ишколе луш долу масех евро дала ца лаарна, я Берлинерчу вайнахана Кхерчан гIишлонна аренда еш дала дезаш долу шайнаш кхоам хетарна.
Ур-аттала, нохчийн мотт Iамочу ишколехь бераш ийна охьаховшор хьарам ду, зудабераш, божабераш вовшахкъаьстина хила деза бохуш берш а карийра. ЖамI - Берлинера Нохчийн Культуран Кхерч дIакъевлира, пхийта эзар герга нохчо вехачу гIалахь цу Кхерчаца бала болуш иттех стаг а ца карорна. Цу хIусамийца пенах пен тоьхна йолу туркойн культуран кхерч а, генна йоцуш йолу Боснихойн ерг а, ур-аталла цигга, масех гIулч аьлча йолуш йолу эрмлойниг а кхин дIа а шайн белхаш беш ю, даима хаддаза чохь адам а лаьтташ. Ткъа нохчийнарг - гезгамашанан таканашкахь къайлаялла латта йисина.
Иштта гIайгIане хьал ду дукхахйолчу кхечу Европерчу пачхьалкхашкахь, къаьстина, нохчийн мухIажарш алсам бехачехь. Австрехь, масала. Ткъех эзар нохчо ву цигахь екъа цхьана коьртачу шахьарахь Венехь вехаш. Ю нохчийн туьканаш, нохчийн базарш, нохчийн месашлоргургаш, ур-атталла дийна цхьа маша бу Нохчийчу дIасалелачу нахана шопаралла лелочийн я Нохчийчу тIоьрмигаш дIасакхоьхьучийн. Дерриге амма – ахчанца а, хIонзица а, саяккхарца а доьзна долу хIуманш ду уьш. Ткъа цхьа юкъара Культуран Кхерч, я юкъара цхьанакхетаралла, массо а нохчо, цуьнан политикан я динан хьежамаш мухха а белахь, дIагуллуш а, цигахь марзо я кхетам карош а болу , - иза боцуш бу.
Юкъараллехь, Нохчийчуьра дуьйна схьа, боьхна болу барт лору дукхахболчара цу хIуман коьрта бахьана. Барт ца хиларо дIа ца йохийта юкъара ворда, хIораммо шега-шегахь, шен хьежамаш а,шен кхатамаш а болчехь и ворда ийзош хиларна, аьлла, хеташ ву Венехь вехаш волу нохчийн жигархо Ибрагимов Висита. Дуккхаъ шерашкахь Европехь вехаш а, цкъа мацах Ичкерин президентан Масхадов Асланан векал санна Европерчу нохчийн диаспорашца белхаш бина ша хиларх терра, дика дойза Виситина Малхбузерачу нохчийн хьал. Цуо дуьйцу.
Ибрагимов Висита: „Ялх-ворхI шо хьалха кхузахь тхан къанойн кхеташо яра хаьржина, кхоьллина цхьацца комиссеш а яра, шен-шен куьйгалхо а волуш. Масала, нагахь санна доьзалехь барт боьхнехь, цигахь барт бан хаьржина нах а бара. Иштта цхьа болх бара бина. Цул тIаьхьа Имараташ, изий-важий аьлла, и цхьацца хIумнаш юкъе а девлла, и болх дIахедира. Цул тIаьхьа наха шайн-шайн тайпанашций, вирдашций тобанаш кхоьллира.
Хьаmжин вирдехь болчеран шайн туркхаш буй, Iовдийн вирдехь болчера шайниш буй, бохуш. Мацах и Советан зама йоьхначу хенахь Нохчийчохь хилла долу и лазарш кхуза схьадеъна-кх кху наха. Вай цхьана къомах ца хилчахьана вирдашкахь а хуьлу вай, джамаIаташкахь а хуьлу вай... И тобанаш екъна -кх вай, и цамгар а ю-кх вайна юккъехь“.
Керла тIеоьхуш болу мухIажарш, дукхахьолехь, Европехь шайн цхьа гергар нах а болуш, цаьрца дийцина хIума а долуш, чубаха меттиг а болуш, хуьлу. Цундела уьш шайн нахана тIебоьлху. Юкъарчу белхашца кхин башха бала болуш а ца хуьлу, я юкъараллин жигархошца башха гIуллакх догIуш а ца хуьлу, бохуш дуьйцу Виситас.
ХIетте а, нохчийн терахь Европехь алсам дуьйлуш хиларна, ткъа, схьагарехь, и хилам иштта дIа кхин шерашкахь совболуш дIагIур болчух тера хиларна, цхьа юкъара меттиг чIогIа оьшу Малхбузерачу нохчашна. И ца хилча, Iу воцуш бисина бажа санна хуьлу муьлхачу а тобанан хьал. Цундела, масала, мухIажарш бехачу лагершкахь девнаш кхоллало, латарш хуьлу, ур-аталла шаьшна нохчашна юкъехь а.
Хила йиш юй те хийраллехь бехачу нохчийн мухIажарийн цхьабарт, цхьа юкъара платформа кхоллаяла йиш юй те церан, дин тIехь я политикана тIехь ца кхоллалахь, - хийраллин халонашна тIехь я къоман башхаллашна тIехь кхолаелла а бохучу хаттарна жоп луш иштта дуьйцу Ибрагимо Виситас.
Ибрагимов Висита: „Коьртаниг – вай цхьа къам дуйла, бусулба а долуш, бохучух вай ваьш ца кхетча, вай нислур долш дац. Вайна цхьатерра бусулба хила а ца лаьа, я нохчийн къомах хила а ца лаьа. Юккъера хьала а эккхий, цхьанна мурд хила лаьа, вукхунна джамаIатхо хила лаьа. Ткъа и нах вай цхьаъ дуйла ца кхетча, цу бух тIера бен вайга цхьа гIишло ялур яц. Бух ца боьттича гIишло а ма ца ялой. Ткъа вай... шариIат ца дуьйцу оха, тIарикъат дуьйцу, бохуш цхьа нах бу.
Вуьш тIарикъат – иза бидIат ду, шариIатна тIехь ду шаш бохуш бу. Тхо а ду цхьа кIеззиг дакъа тхо а ду, тхо национал-демократаш ду, пачхьалкхенан баххаш тIехь ду тхо, бохуш, Iаш долу. Иштта цхьа винегрет ю-кх хIара. Дала къинхетам бойла-кх вайх...“
Ткъа цкъачунна хьал хийцадала гена ду. ДIа бIаьрг тоьх-тоьхначехь, Нохчийчохь хуьлда иза, я аренца, реала дахарехь хуьлда иза я интернет-машанан майданашкахь, масех вайнах вовшакхеттачехь кхоллалуш долу къийсадаларш а, тобанашка декъадаларш а, барт бацар- иза ду Европехь безачу нохчашлахь а.