Цивилизацин кхиамаш тайп-тайпана хуьлу. Амма наггахь цара дагахь а доцучу агIора голатухуш нисло. Масала, хIинцачул цхьа ах бIе шо хьалха цхьанна а коьртачу а догIур доцу хIума долийна Германехь адамийн бакъонаш ларъяр ша-башха кхетачу жигархоша. Цигахь хIинца дуьйна дай-нанойн аьтто хир бу, шайн бер я боьрша а, я стен а доцуш дIаяздайта.
Европехь дуьххьарлера пачхьалкхе хилла дIахIоьттина Германи, керла динчу берана я боьрша я стен а доцшу, цхьа кхин керла, „кхозлагIа“ кеп бер даран тоьшаллийна тIехь дIаяздан бакъо шен бахархошна елларг. Нагахь санна хIинцалца динчу берана я „йоI“ „кIант“ аьлла билгало цуьнан кехаташна тIехь язъеш хиллехь, хIинцачул тIаьхьа и могIа беса бита йиш ю луучеран. Бакъду, „кхозлагIа кеп“ шех олуш долу и йоза бер даран тоьшаллехь билгалдаккхар – иза декхар дац, луучунна дан йиш йолу бакъо ю, бохург билгал доккху Iедалша.
Иза а ду цхьа гIуллакх. Керла бер даран тоьшаллаш гIадужу беттан хьалхарчохь дуьйна кечдийр долуш ду. Цуьнца цхьаьна Iедалхой дагахь бу, берашна хилла а ца Iаш, гIеметахIиттинчу немцошна а шайн документашна тIехь „кхозлагIа кеп“ аьлла билгало язъян бакъо луш долу низам тIеэца. Цу Iалашонца лерина ду доьзалх долчу немцойн низамашкахь хийцамаш бан.
Иштта гIуллакхаш дIадолхахь, кхозлаха хьовха, деазлагIа, пхеазлагIа а, бухбацаре кхаччалца а „адамийн кепанаш“ гучуйийла сахьт дац немцойн махкахь. Адамийн бакъонаш ларьяр ша -тайпа кхетачу цхьаццаболчу жигархоша юхьаралаьцна ду, хIора а адам, цуо хIуъа а леладахь а, я цуьнан коьрта чу муьлха а ша-башха цамгаре лаам багIахь а, цуьнан бакъонаш низамца ларъян езаш ю Iедало, бохург. Зуда зудчуьнга маре яхар я боьрша стаг боьршачу стаг вахар тоххарехь цхьа а цец ца воккху хIума хилла дIахIоьттинчу юкъараллехь керла-керла тамашийна боламаш юьхьаралоцу и тайпанчу жигархоша.
Европехь хилла а ца Iа и саннарг. Австралехь, масала, адамийн „кхозлагIа кеп“ низамца юккъе яьккхина ши шо а ду, цигахь цу кепарчу нахах долу низам тIеийцира 20II шарахь. Цунна тIаьхьа хIоьттира, кхин хье ца луш, Керла Зеланди а. Цундела, цхьаццаболчу аналисташна хетарехь, там бу Германин масална Европера кхин йолу пачхьалкхаш тIаьхьахIитта а.
Официала и низам тIеэцаран а, и керлаюккъедаккхар долоран а бахьанаш цу хIуман агIончаша, дуьненчу довлучу берашна юкъехь нисло я стен а, я боьрша а доцу бераш, бохучу бахьанца бакъдо. Амма цу кепарчу берийн процент мискъазаратталла бен ца хиларна, дукхахболчу аналисташа и бахьана дош доцуш лору.
Мелхо а, кхиинчу юкъараллех я модернечу дахаран кепех болу кхетамаш ша-башха тудучу я цомгаш хьежамаш болчу наха цу тайпанчу юккъедаккхарх шайн доьзалхошна бала барна кхерам го царна. ХIунда аьлча, тахана цхьаццаболчарна прогрессиве хеташ долу хIума цхьа хан дIаяьлча, мелхо а, зуламе а, дуккхаъчу нехан дахар къахьдина а хIума хуьлуш нисделла адамаллин исторехь хийла.
Немцойн вевзаш волчу психолога Клеменс Юргена цу хьокъехь меттигерачу телефизионехь дагадаийтира, мацах даханчу бIешеран кхузткъалгIачу шерашкахь хиппин коммунашкахь баьхначу наха дуьненчу даьхна хилла долу бераш хIинца а шайн дай лоьхуш а, шаьш шайн идентикалла лоьхуш а лелаш хилар.
ХIетахь вуно прогрессиван а, модерне а лоруш хила долу дахаран кеп- зударий а, божарий а бIеннашкахь коммунашка дIа а гул лой, цигахь „доьзал – иза ширъелла кеп ю, да-нана бохург кхин модерне дац, берийн дай-наной а юкъара хила деза, бераш шаьш а массара юкъара кхион деза“ бохучу кхетамашца шерашкахь баьхначу наха дуьненчу дохучу берашна ца хаара, шайн дай муьлш бу.
Дийна цхьа чкъор ду цу кепара кхиинчу берийн, шаьш даккхий хиллачул тIаьхьа, коммуний мода а дIаяллачул тIаьхьа, шаьш хьенан муьлш ду ца хууш, цу хIетахьлерачу шайн дай-наной ша тайпанчу хьежамаша доллучу дахарна а вуон тIеIаткъам бина, лелаш, боху цуо.
Иштта хIума вайн заманчохь шаьш прогрессиве лоручу дай-наноша „кхозлагIа кеп“ аьлла бер даран тоьшаллехь дIаяздайтина долчу адамашна хила там бу, аьлла, тешна ву психолог.
Цул совнаха, Германин дозанел ара новкъа ваха-ван луучунна, цуьнан кехаташ тIехь и тайпа йоза хилча, халонаш кхоллаяла сахьт дац боху аналисташа, хIунда аьлча, там бу, и тайпа керлаюккъедаккхарш ца девзачу пачхьалкхашка ишшта долу бераш чу ца дита.
Азимова Сийлаха