Мисаран президент хилла волу Мубарак Хьосни аравалийтина набахтера

Дийцарехь, КъахIирерчу «Тора» набахтера беркеманахь гIалин йистехь йолчу Маадира тIеман дарбан хIусаме вигина. Дийцарехь, шен цIахь чувоьллина латтор ву иза. Мубаракана тIехь хилла, кхаьънаш эцарца боьзна тIеххьара бехк дIабоккхуш сацам бира кхело кхаарин дийнахь.

85 шо долу Мубарак, Iедална дуьхьала вовшахтоьхна хиллачу митингийн декъашхой байарх хьакхавелла ву-вац боху гIуллакх, юхаталла хьажийна. И процесс йоьдуш арахь Iен бакъо елла цунна кхело.

30 шарахь Мисаран коьртехь Iийначул тIаьхьа 2011-чу шеран Чиллан-баттахь президентан даржера дIаваьллера, шен реза боцу мисархой урамашка, майданашка а арабевлча.