ОвхIанистанехь тIалибашкахьара ваьлла провинцин куьйгалхо

ОвхIанан Iедалша бакъдина, шайн пачхьалкхара лаккхарчу даржехь волу стаг тIалибашкахьара ваьлла хилар. Иза ву 2004-чу шарера 2008-чу шаре кхаччалц ОвхIанистанан парламентан сенатор а, цул тIаьхьа Сари-Пул-провинцин гебернатор болх беш хилла Кази Iабдул-ХIай.

Оццул воккха хьаькам ведда вацара тIалибашна тIе 2002-чу шарахь уьш Iедалера бохийчхьана. ТIалибаш кхайкхамаш бо махкахошка, кхечу пачхьалкхашкарчу оккупанташца къийсам латтабе бохуш. Ткъа Кази Iабдул ХIай дехьаваларо гойтуш ду и пропаганда кхиаме хилар.

2014-чу шарахь ОвхIанистанера дIагIур ду цу махкахь кхерамазалла латточу дуьненаюкъарчу ницкъийн дакъош. Оццу шарахь цу махкахь хила безаш бу парламентан харжамаш.