«Дашо ЗΙаьнарш» олучу аьтто партин лидер Михалолиакас Николас а, цуьнан пресс-гΙоьнча а, кхин а 10 партин векал а лаьцна Грецин полицино шоьтан дийнахь. Царех цхьанна бехкедина цо махкара антифашист Фиссас Павлос вер. Тоба лаьцна, Грецерчу хьостанаша бахарехь, цхьаьна зуламхаш деш леларна.
Антифашист Фиссас вийра иттех де хьалха. Оцу хиламо Афинехь гуламашка бехира дуккха а бахархой.