Оьрсийчоьне шайн накъостий дIахеца боху Полшерчу "Гринписо"

Оьрсийчохь дIалаьцна волчу шайн 30 накъостана гIортор еш деа денна лерина акци дIайолийна Полшерчу "Greenpeace"-о. Маршо Радион корреспонденто бинчу хаамца, Варшава-гIалин юккъехь дIахIоттийна бу леррина кечбина аьчган гур. Цу чу а бовлуш, «30-ннах цхьаъ» аьлла йоза долу кара плакат а лоцуш рогIехь дIакъовлало "Greenpeace"-ан жигархой.

Шайн накъостий Арктика ларъян гIерташ бара, хIинца уьш ларбар декхар ду шайн бохуш, чIагIдо цу акцин декъашхоша. "Greenpeace"-ан жигархочо Гузек Катажинас дийцарехь, цара доьхург ду шайн накъосташна пираталла лелийна аьлла биллина беламе бехк дIабаккхар. Оьрсийчохь дIалаьцначу нахана юкъахь ву Полшера Дземьянчук Томаш.