Лубутинан мачанех пайда ца эцабелла, исламана дуьхьал йолчу Белгера партега

Франци - Мачашъяран дизайнера Лубутин Кристиан ву шен мачаш гойтуш, Лондон, Охана-бутт 30, 2012

Вевзаш волчу дизайнеро Лубутин Кристиана кхеле беллера исламца гамо йолчу Белгера партин декъашхой, шен мачех цара, бусулба дин емал деш, пайда эцна аьлла. ХIинца кхело иза бакъ хилар тIечIагIдина.

Дуьненчохь миллионаш зударша сатуьйсу а, уьш хьоьгу а мачаш ю Лубутин Кристиана еш ерш. Кху лаьттан массо а маьIIехь шайн башхачу, цIечу басахь йолчу кIажийна чоьхьарчу агIонца гIараяьлла йолу уьш йорах йоцийла а хаьа массарна а, - 700 -800 бIе еврона тIера ирах боьлхуш бу церан мехаш. Уьш, и мачаш, массо а зударшна, церан дин, къам я бос бен а доцуш, езаш хиларна хила там бара Белгерачу бусулба динна гомачу «Фламандхойн интерес» цIе йолчу сепаратистийн партино уьш шайн ислам дин емал дечу рекламехь гайтина хилар.

Цу партина юккъе йогIучу ультра- аьтто хьежамаш болчу „Зударий исламизацина дуьхьал“ цIе йолчу тобано Белгина чудогIучу Фландри лаьттахула ирахдиттинера, Лубутин тухленаш когах йолчу зударийн настарш гойту сарташ. „Маршо я ислам?“ аьллачу питанечу йозанца чIагIдиначу цу сарташа, цу акцин авторшна хетарехь, гайта декхар дара, бусулба дино доца духарш лелош болу зударий маьттаз ларар.

И акци дIахьош хилар интернетан машанехула гучудаьллачу Лабутен Кристиана шен адвокаташ арабаьхнера, цу партин куьйгаллина дуьхьал къовса. Лабутенна хетарехь, цу тайпанчу хIумнашкахь цуьнан цIе яхаро я цуьнан мачех пайда эцаро дизайнеран сий дойъу, цуьнан репутаци ешайо, ткъа ахчанца зе-м цунна муххале а хуьлу. Иштта цуо тоьшалла дира, шен бусулба динца цхьа а гамо ца хилар.

Цундела кхело хIинца дизайнер нийса лерина. Масех де хан еллера Фландрерачу кхело «Фламандхойн интерес» партина, шаьш хьала мел тоьхна долу плакат охьадаккха а, Лубутин шайна къинтIера ваккха. Цара иза ца дахь, даккхий ахчанан гIуданаш тухур долш ду царна.

Ткъа „Зударий исламизацина дуьхьал“ тобанан куьйгалхо йолу, цкъа мацах „Мисс Белги“ хаьржина а хилла, ткъа хIинца цу кепарчу гIовгIанечу акцешца шена политике некъ схьабелла гIертачу Вандермеерс Анкес, шаьш кхелан сацамна кIела ца севцича девр дац, элира, амма цуьнца цхьаьна дегабаам гайтира, цу сацамо шайна бина болу.

„Схьахетарехь, зударшца гома бусулба дин хилла ца Iаш, Европера кхелаш а йолчух тера ду. Цу кхелан сацамо политикашна ша тайпа дресс-код хIоттош ма ю“, - бохуш езйера ша цхьаъ йоцчуо цхьаммо а политик лоруш йоцу Вандермеерс.

Амма кхелан сацам кхочуш ца бича ца йолучу цуо керла плакаташ ярахецна. Бакъду Лубутинан цIе бос хуьлчу кIажин бухахь цуо можа бос хьаькхна, схьахетарехь, фотошопан гIоьнца.

Ала догIу, и хIинцалерниг дуьххьара бусулба динна гома акци яц «Фламандхойн интерес» партино дIаяхьнарг. Фландри лаьтта Белгех дIакъастарехь а, иммиграци сацорехь а къуьйсуш йолчу цу сепартистийн партино даханчу шарахь иштта бусулба духарш аьшнаш деш долу плакаташ арахецнера.