КIиранан тоьлла сурташ
Greenpeace жигархо "еллачу гIургIезан хелхар" деш ю. Цунна тIехь йолу коч маьхкадаьттанца бехъйина ю. (Цюрихера концертан хIусаманна хьалха доьхьалонан акци дIахьуш)
ТIийригца лакхенашна тIера чукхийсалучу юкъараллин декъашхо ву 120 лекха Туимский провал олучу меттехь чукхоссавала кечлуш. Хакасера, Туим эвлана гена йоццуш яьккхина рудник яра. 1954-чу шарахь дIакъевлина.
Наха дIакхуьйсу кехат гулдеш, иза дIаоьцуче дIа а кхоьхьуш, цунах деллачух бехаш бу Белградера хмара доьзал.
Герзаша Iуьргаш даьхначу тIулга тIехь хевшина Iаш ду овхIанхойн бераш, Кабул
Бухарестан юккъехь дIаяьхьначу демонстрацехь шен юьхьа тIе румынхойн байракхан басарш хьекхна ю хIара зуда. Цу гуламан декъашхой Румыни а, Молдова а цхьанатохаран процесс йолае бохуш, доьхуш бара.
Чехин президент Земан Милош чохь волчу Пражски ХIрадана нийсса дуьхьала дIахIоттийна хIоллам бу, Чехин скулпторо Черный Давида бина болу.
Пакистане жигархо, зудаберашка дешийта йолчу бакъонехьа къуьйсуш йолу Юсуфзай Малала ю шен "Со - Малала" цIе йолчу жайнин буха куьг яздеш. Лондонера цхьана концертан цIийнахь.
Подгорицера гей-парад дIасалоллуш, бIаьргех хиш туьйсуьйту газ лелош ю Монтенегрора полици. ГIадужу-беттан 20, 2013.