Нохчийчоьнан "юьхь" лехамашка яьккхина

Нохчийоь - Кремлехьа узуш долчу Нохчийчура Iедалша Республикан де даздеш кегийрахой арабаьхнера. ХIокхул а хьалха Ичкерин Iедало юкъадаьккхинера иза, Нохчийчоь йозуш ца хиларан де санна. 06Гез2013

Мехка керла билгало гойтуш йолу логотип а, дешнийн кепаш а харжа йолийна Нохчийчохь. ДIакхайкхийначу къийсамехь дакъа лаца йиш ю, стенггахь а вехачу нохчочуьн. ХIинцале, дуккха а белхаш бахьийтина цара.

Дикка хан ю, и конкурс дIакхайкхина. Коьрта оьшуш дерг ду, муьлха а стаг кхетар волу, сурт а, дешнаш а харжар. Тахана, Нохчийчоьнан Iедалша, шаьш шайх бIоболар тидаме эцча «Дуьнено-м собар дахьара», аьлла дешнаш хира дара, амма, иза дуьненахь йоьвзучу цхьана йогуртан рекламехь аьлла ду. Цундела, кхиндерш лаха а, харжа а дезаш ду. Барам бац, аьлла ду оцу конкурсан низам тIехь, муьлхачу вахархочо кховдийнарг тидаме оьцура ду аьлла. Ишшта, сурт а деза, таханлерачу Нохчийчоьнан йохь-сибат гойтун долу.

Республикан логотип а, маьIан долу дешнаш а, дешнийн символ а. Оцу кхаа декъе екъна конкурс. И конкурс дIакхайкхина яьлле, дукха сиха, наха, маьI-маьIIера шайна хеташ долу суьрташ а, йозанаш а даийтина. Масла, логотипан юккъахь бIоьвнаш а йолуш дуккха а суьрташ ду.

Цхьаммо, нохчийн керлачу байракхна тIехула Iаьрбойн маттахь йоза а долуш, лахахь, дечиг-пондурий, ботт чуьра яьккхина шаьлтий, вовшахтIеттIа хоьттина сурт кечдина даийтина. Конкурс дIахьочарна гарехь тамехь хеташ ду кхин сурт. Иза хьалхарчу метте хIоттина ду. Цу тIехь, Москохарчу Кремлера бIоьвна тIехь лаьтташ ю нохчийн бIов. Кремлерачу бIоьвна лакха боьххьерачу седан тIера, схьайогIуш маьлхан зIаьнарш ю. Кремлехь долчу Iедалах доьзна хилар гойтуш сурт ду иза.

Нохчийн къоман толамаш а, республикан кхиар а, къома комаьршалла а, машар безаш хилар а, гойтуш долу дешдекъан кепаш а яийтина шорта. Уьш таханлерачу дийнахь 30-х ду. Масала, «Соьлжа-гIала веънехь, вуса а велла ма лела», я «НохIа-пайхамаран тIаьхьенах берш Нохчийчохь бехаш а бу, шай сий лардеш а бу», я «Нохчийчоь- иза бренд яц, иза дуьненан эталон ю», ишшта кхин дIа а. КадыровгIеран фамилеш а, цIераш а йохуш шорта юйла, ца дийцича а кхетара бу нах.

Дешнийн символ хIоттош цхьаболчара, башха къа а ца хьегга. Мушкетерийн кхайкхамах пайда эцна цхьаболчу автораш. Масла, «Нохчийчоь. Цхьаъ массаьрца, массо а цхьанци». Амма, массералла а билгалдаккха мегар ду хIара дешнаш: «Нохчийчоьно, Оьрсийчоь кхобура ю». «Инновацеш-Нохчийчоьнан доттагI», боху дешнаш, республикаца цхьана догIуш ду аьлла хетта, цуьнан авторан.

Хаьржичну логотипах 300 эзар сом лура ду, ткъа, республикан дешнаш карийначарна I50 эзар соьмаш лура долуш ду.

Ткъа, муха хила езара, таханлерачу Нохчийчоьнан символ а, дешнийн кеп а, аьлла Маршо радионо хаьттира цхьаболчу бахархошка. Ильяс цIе йолчунна, хетарехь, къома таханлерачу дахаран сурт а гойтуш хила деза ша дерг. Кхечанхьара стаг тIе ма хаьжнехь, цунна хаа деза, Нохчийчоьнах лаьцна дуьйцуш дуйла.

Ильяс: «Хьалха-м Совета Iедал дочлу хенахь, жIов а, марс а бара вай. Белхалошна лерина яра иза. ХIинца а ю вай цхьа символ. Вай кхузахь башха мехкдаьтта а дац моьтту суна жимма бен доккхуш. Эцца, мехкдаьттан цхьа бIов а, уллехь долуш кIа, я мукъ болуш хила дезара. Кхи-м ца хаа суна».

Ичкери йолчу заманахь, борз хьанна а йоьвзура. Иза нохчаша шайн герб тIе тоьхна юьйла хууш дара дерриге а дуьненна. Оцу хенахь, борз харжий-ма харжий бохуш къийсамаш боьлхуш, цуьнах лаьцна а, шай, къеначу нанас аьлларг а дагадаийтира Ильясс.

Ильяс:
«Ичкерии йолчу хенахь, байракх тIе хIун тухура ю бохуш къамелш долчу хенахь, шен операци а йина, цIа еанчу тхан нанас элира, берзан меттана, кхийолу акхаро тоьхна ялар аьлла. Борз ка ца тоьхча Iаш яц, бохура цо. Ткъа хIун тоха езара, аьлла, хаьттича, цо бохура, пайда бахьаш йолу муьлха а акха хIума, газа ялахь а, ян бежан далахь, мегар дара. И хIума хIицна а дага а догIуш Iа тхо».

Кхечу вахархочунна АхIданна, Ислама дино ма бохху, нийсо луш хилар билгалдаккха деза. Нохчийчоьнан керла символаш лохуш ялахь, иза гайта деза элира цо.

АхIдан: «Хила дезарг-м, схьахетарехь, Иман,Ислам, Нохчолла аьлла дара. Коьртаниг гайта дезарш дерг иза а ду, шена дезарг, стаган дезийла хаар а ду. Нийсо а лелор хила деза. Вай нохчолла олуш дерг а ду цу юккъахь. Иза а билгаладаьккхина хила деза аьлла хета суна».

Нохчийчоьнан Iедалшна, тахана лууш ду, махкахь, шорта инвесторш а, баьхкина, цара, инзаре заводаш а, фабрикаш а, ишшта кхийолу, кхиаман а, белхан меттигаш лура йолу бизнес йолаейта. Амма, цкъачуьнна, царна бахка лаар бен, кхин гена долуш дац и гIуллакх.

Нийса кхойкхучух тера дац бизнесхой махка, аьлла хетачух тера ду Соьлжа-гIалахь. Ткъа, хIун дешнаш а, суьрташ а хила деза, уьш хезча а, гича а, хIинцалца Нохчийчу со хIунда ца вахнера аьлла, царна хоьтуьйтуш дерш, къасто деза конкурсан комиссийн.