Къайлаха талламан хаамаш гулбе, амма лидерийн къамелашка ла ма догIа аьлла ду, Европан бертан лидерийн дIахьедарехь

Дуьненаюкъарчу терроризмаца къийсаман ца хилча йиш йоцу дакъа ду къайлахчу талламан информаци гулъяр. Амма накъосташна юкъара тешам дIабаларо цу тIехь бечу цхьаьнабелхана доккха зе дан тарло.

И аьлла ду, Брюсселехь дIахьучу саммитехь Европан бертан лидерша динчу дIахьедарна тIехь. Документо билгалъйоккху, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташна а, Европан бертан пачхьалкхашна а юкъарчу накъосталлин ладамалла.

ДIахьедар дар бахьана ду, Iамеркан лерринчу урхаллаша Европера дуккха а пачхьалкхийн бахархойн телефонийн къамелашка къайлаха ладугIуш хилла боху хаамаш.

Саммитехь тахана йийцаре йира, Европан пачхьалкха дукха мигранташ эхарца йоьзна проблемаш. ТIаьхьарчу масех баттахь бIеннаш мухIажарш белла, ледарчу хинкеманашна тIехь Дуьненан Юккъера хIорд хадийна, Европе кхача гIерташ.