Германерчу гастарбайтерийн эшарш

Туркоша Иракъехь мехаза дIаяьхьна концерт, Сулаймани, Гезгмашин-бутт, 2011

50 шо хьалха дуьйна Германе дIаихинчу туркойн мигрантийн эшарийн альбом арахецна дукха хан йоццуш. Тхан Малхбузерачу Европера корреспондента Азимова Сийлахас теллира, цигахь бехачу нохчийн мигрантийн эшарийн а, мукъамийн кхоллараллин дуьххьарлера гIулчаш.
Германехь араяьлла дуьххьарлера мигрантийн эшарийн гулар. Нохчийн мухIажарийн кхолларала цу тIехь гайтина яцахь а, шаьш дехачу пачхьалкхийн меттанашкахь дуьххьарлера кхоллараллин гIулчаш яха буьйлабелла вайн махкахой а.

Туркойн махкара мигранташ ах бIе шо хьалха схьаиха буьйлабеллера. Цу юкъана туркойн гайтарбайтерш кхоьллина йолчу эшарех уггаре а шуьйра яьрдинарш вовшаш а тоьхна, "Songs of Gastarbeiter" цIе йолу альбом арахецна немцойн Мюнхенерачу Trikont цIе йолчу мукъамийн фирмано. Кху деношкахь араяьллачу цу эшарийн гулар тIехь I4 йиш ю, Германин тайп-тайпанчу кIошташкахь бехачу мигранташ язйина а, дIалекхна а йолу – тайп-тайпанчу шерашкахь.

Немцойн маттахь дIалекхначу цу эшарийн чулацам дукхахьолахь шайн белхан хьелех а, хийрачу махкахь долчу керлачу дахарах а, ширачу а, керлачу а даймахкех лаьцна ю. Ткъа царна юккъехь уггаре а шуьйра евзаш а, яьржина а хиллачех эшаран цIе „Немцойн доттагIий“ ю.

Отон: „Немцойн доттагIий“ йиш

Дера, и эшарш хIинца-хIинца шаьш Германе баха схьабаьхкинчу хенахь язъйина а, дIалекхна а хиларх терра, дикка къаьсташ туркойн акцент а йолуш, ледаруочу немцойн маттахь локхуш, шайн чулацамца цхьа ша-башха догцIеналла а, мелла а Даймахца йолу гIайгIа гойтуш а, амма иштта цуьнца цхьаьна керлачу дахарх а, меттигех а, аьттонех а самукъадаларца а кхелина ю.

Цаьрга ладугIуш ойла кхоллалора, нохчийн мухIажаршна мас шо оьшур те, шайн хийраллерачу кхоллараллин дуьххьарлера гIулчаш эшаршка ерзон а, уьш дIаязъян а, юкъараллин тергоне ехка а, аьлла. ДIаладоьгIча, цу некъахь мелла а болх вайн махкахоша а бина хилла.

Интернет машанахь хIинцале а карон аьтто бу, Европехь а, я кхечу дуьненан маьIIехь бехачу вайнаха язйина а, дIалекхна а йолу эшарш. Царна юккъехь ю цхьа могIа нохчийн кхиазхойн – божаберийн рэп локхуш йолу тобанаш. Дукхахьолехь шайн хеннарчу кегийрхошна юккъехь мода ма-хиллара, шех „гангста реп“ олуш йолчу кепехь локхуш эшарш ю уьш. Германерчу хIокху нохчийн кхиазхоша локхуш ерг санна.

Отон: Германера реплакхархой

Хийраллехь вайнаха яьхна, я вайнах декъа а болуш яьхначу эшарийн цхьа ша лаьтташ долу дакъа ду, цара меттигерачу эшаршлакъхархошца я композиторшца цхьана болх а беш яьхнарш. Даханчу шарахь Польшехь Заира цIе йолчу вайнехан мухIажар декъа а йолуш польшхойн эшарлакхархочу Мигалска Мариуса яьккхина хила йолу йиш араелира. „Новкъахь“ цIе йолу цу эшарна яьккхина вуно кхачаме а, хаза а видеоклип а яра, хIинца а луучарна Ютюбехь ган йиш йолу.

Отон : Мигалска Мариус

Иштта цу рогIера лара йогIу масех шо хьалха Францехь меттигерачу эшаршлакхархочуо „Нохчийчоь“ цIе йолу эшар а. Францехь бехачу вайнехан мухIажаршца цхьаьнаболх а беш яьккхина яра иза Мишель кхоллараллин псевдонимца эшарш лоькхуш йолчу францхочуо.

Отон : Мишель

Иштта Германехь ехачу шийтта шо долчу нохчийн йоIа оьрсийн маттахь дIалекхна йолу „Сан даймохк“ цIе йолу йиш а ю Европерчу нохчашлахь шуьйра евзаш. Цхьаболчу нохчийн мухIажарша дийцарехь, и йиш локхуш йолу жима йоI бIаьрзе ю, тIом болчу хенахь Нохчийчохь оьрсийн ракеташа лазъяр бахьана долуш бIаьрса дайна, бохуш, дуьйцу цуьнан.

Отон: Германера нохчийн йоI

Кхин а ю интернет машанахь нохчийн мухIажарш хийраллехь язйина а, дIалекхна а эшарш карон йиш.

И хийралла а, вайнехан тIаьхьарчу ткъех шерийн мухIажаралла а дуьйцучохь хьахон догIу, нийса бIостанерчу агIора кхуллуш а, хеза а йолу эшарш а. Уьш Нохчийчурчу Iедало Европе дIаоьхуш болу нах кест-кеста емал беш хиларх терра, цигарчу эшарлакхархоша кхуллуш йолу эшарш ю. Церан юкъара чулацам доцца аьлча, „цIаберза хIей нах, хIей, цIахь мел хаза ду, вайн гIала а юхаметта хIоттийна“ аьлла билгалбаккха мегар ду. Амма и тайпа эшарш сел дукха хиларна, лерина шена цхьа къамелан тема ю иза.