ГIадужу-беттан 27-чу дийнахь керла президент хаьржина гуьржаша. Цара тесначу кхьаьжнаша чекхдаьккхина итт шарахь Саакашвили Михаила дина урхалла. Иштта, керла президентца цхьаьна, Гуьржийчохь болх бан буьйлалур бу конституцехь бина хийцамаш.
Йозуш йоцчу Гуьржийчохь дIабаьхьна харжамаш дуьххьара бара маьрша амал йолуш. Керла президент а хаьржина, Саакашвилин Михаилан урхаллех дIакъаьстина гуьржий. Хаамийн гIирсашкахь дуьйцу, цо урхалла динчу хенах «истерикийн зама» олу гуьржаша, бохуш.
Тоьлла, Иванишвили Бидзинин урхалла дечу «Гуьржийчоьнан гIан» коалицино хьалхатеттина кандидат Маргвелашвили Георгий. Цо дIахьедар дина, «Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш нисъян а хьожур ву ша, Гуьржийчоьнан латтанашна – Къилба ХIирийчоьнна а, Абхазина а деоккупаци, аьлчи а, оккупацина кIелара яккха а хьожур ву» ша, аьлла.
Цул сов, Гуьржийчохь бан буьйлалур бу конституцехь бина хийцамаш. Тбилисера пачхьалкхан университетехь социологин кафедрин куьйгалхо ву Кашкашишвили Лаго. Цу хийцамех лаьцна къамел деш, цо элира.
Качкашишвили: «ХIокху харжамел тIаьхьа тхан пачхьалкхийн ницкъийн керла куц-кеп хир ду. Тхан керлачу президентан карар мукъ дуккха а кIезиг ницкъ болуш хир бу, карарчу хенахь волчуьн карахь болчул а. Тхан керла конституцин къепе а хир ю.»
Маргвелашвилин харизма а яц, иза цхьаннен карахь тайниг а хир ю бохуш, цунна Iиттарш йо Гуьржийчура хьолана хьолана тIехьовсучу политикан аналисташа. Амма Маргвелашвили уллера вевзачу Качкашишвилис ишта мах хадийра, гуьйржийн керла президентан:
Качкашишвили: «И позици дIакхехьа боккъалла аьттонаш болуш ву иза. Иза малхбузенехьа теIаш ву, дешна а ву, собаре амал йолуш стаг а ву иза. Политкехь йитинчу лараша кхане ца йохийна цуьнан. Иза политик вацара, цхьана политикан партех воьзна а вацара. Цундела, суна хетарехь, оцу политикан къизачу ловзарехь паргIат хир ву иза.»
Маргвелашвилех хууш дукха хIума дац. Цуьнан доьзалех лаьцна ца хаьа хIумма а. Юкъаралла тIекхача йиш йолуш Фейсбукехь шиъ агIо ю цуьнан. Цхьаъ шен доларниг, важа официала статус йолуш. Ингалсан а, оьрсийн меттанаш а шерра хаахь а, йоза ша-дерриг а, гуьржийн маттахь яздо цо.
Ша толам баьккхинчул тIаьхьа, Маргвелашвилис ша йохур йолчу хьалхарчу гIулчех лаьцна дIахьедар дира. «Iедал мукъ кара ма эццнехь, Къоман Кхерамазаллин Кхеташонан куьйгалхо Бокерия Гига шен дарже вохор ву, ша. Иштта, Саакашвилис охьаховшийна массо кIошташкара губернаторш а дIабохур бу, ша», аьлла.
ХIинца Саакашвилис хIун дийр ду те боху хаттар ду Гуьржийчохь уггар жигара дийцаре дечех цхьаъ.
Кхаьжнаш тосучу дийнахь, Оьрсийчоьно шен тIема кIел лаьцначу Абхазин дозане а вахана, Саакашвилис Иванишвилин Iедална критика ондда йира. Цул тIаьхьа цо мукIарло дира «шен тIех дукха гIуллакхаш ду, амма кIадвелла вацахь, жимма политиках садаIа воллу ша,» аьлла.
Гарехь, и планаш талха тарло. Маситта гIуллакхехула прокуратуре кхайкха мегаш ву иза. Цунна оппозицехь йолчу Гуьржийчоьнан гIан партин куьйгалхочо а, пачхьалкхан премьер-министро Иванишвили Бизинас дIахьедар динера харжамаш тIекхача масех де дисначу хенахь, «иза прокуратуре кхайкха мега, парламентан харжамаш чекхбевллачул тIаьхьа цуьнгара девлла гIалаташ бахьанехь», аьлла.
ХIинца керлачу президентан карахь башха дукха хIума хирг ца хиларе терра, парламентехь доза доцу дебаташ дIакхоьхьуш, цхьана а тIегIанахь чомахь сацам ца булш йолу зама ян тарло Гуьржийчу боху ойланаш а, бух болуш аьлла хета аналисташ а бу.
Оццу хенахь, цуьнан кханенан кхин цхьа агIо ю хьехош. 46 шо бен доцу политик, цхьана ханна йистах ваьллачуха, керла революци кечъярна тIевоьрзур ву.
Цул сов, Iамерка а ю цунна саготта. ХIунда аьлча, даханчу шарахь Саакашвилина уллера иттех сов стаг лаьцна.