Полше веана Керри Джон

Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхашкахь бехачу наха лелочунна электронан терго еш хилла Iамерка аьлла шайн бертахой синтем байна хиларо зе дан ца деза йохка-эцар лелорна аьлла дIахьедар дина Варшавехь Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаро Керри Джона.

Полшин арахьарчу гIуллакхийн министрца Сикорский Родославца шен хилла цхьаьнакхетар дIадирзича Керрис элира, Iамеркана а, Евробертана а юкъахь маьрша йохка-эцар лелон трансатлантикан зона кхолларх лаьцна хир долчу дагадовларшна новкъарло ян ца оьшу цхьаммо а аьлла.

Полшин премьер-министрца Туск Дональдца Керри Джон дагахь ву цхьамогIа хаттарш дийцаре дан. Царна юкъахь ду Iамеркан ракеташна дуьхьал йолу система цу махкахь дIахIоттор а, Гергарчу Малхбалехь хIоьттина хьал а, ОвхIанистанера коалицин эскарш арадахар а. Варшаве Iамеркан пачхьалкхан секретар веана Сауди Iаьрбийн пачхьалкхара.

Полша Европера ша цхьа пачхьалкх ю Гергарчу Малхбалехь а, Къилбаседа Африкехь а турне дIахьош волу Керри Джон ваханарг.