Тезеташка - балха боьлхуш санна...

Нохчийн тезетахь

Нохчийчохь халкъ дебар алсам даьлла баларел. И хаам, цхьа шен боккха кхиам болуш санна, баржийна Iедало. Амма хIинцалц лаьттинчу суьрто гойту хьал даима а иштта леллийла. Карарчу заманахь цхьа хийцам бу хаалуш - кегийрхойн а, юккъерчу хенарчу нехан а баларш совдевлла.




Кавказхойн муьлххачу а махкахь а санна, баккхий доьзалш хилар амалехь ду нохчийн. ХIокху итт баттахь, махкахь дина 27 923 бер, ткъа, кхелхина 5555 стаг. Хьалхарчарний, тIаьхьарчарний юкъахь йолу башхалла 24-25 эзар стаг ю, аьлла, хаам бира Маршо Радиога пачхьалкхан статистикан урхаллехь.

Нохчийчохь даима а алссам лаьтта баларш. Мел, масса стаг велла а, церан хенаш мел ю толлуш башха баккхий талламаш бан а ца оьшу. Оцу тIехь хьаьнгга а хIоттало шенначул сурт. Лечех дукхахберш кегийрхой я гIеметтахIиттина бахархой бу.

Баларийн бахьанаш а ду тайп-тайпана. ТIамах леш бацахь а, некъан хьовзамашкахь а, дарбан хIусамашкахь а, ша тIеман майданахь санна, кхелхаш бу къоман тIум лоруш нах.

Шайн юьртахь тезеташ дукха хуьлу, дуьйцу Султан цIе йолчу кху стага.

Султан: «ТIьаххьарчу хенахь баларш дукха ма хуьлу. Тхан юьртахь хIинца 4 тезет ду. Цхьаъ дIадалале кхиниг тIедогIу. Лаларш, дукха ду хIинца. Хьо массо а дийнахь лела волавелча, ваха тезет хир дара-кх хьуна. Баккхийнаш биссане а ца бисина. Кегийберш а бу-кх, машенаш дIаетташ , оцу бохамашкахь леш».

Тезеташка лела а ца кхуьу нах тахана Нохчийчохь. Хьалха санна, цхьана доьзалан бохамехь баьрче хевшина Iаш еха кIайн мажош йолу къаной ца хуьлу. Уьш боцуш бу ала мегар ду. Нах Iожаллийца дIаэхарх цец а ца волу цхьа а, боху Соьлж-ГIалин кIоштарчу вахархочо Сулеймана.

Сулейман: « Хьалха тезет даьлча, воккха стаг велча, луларчу урамехь хьов, юьртахь стаг велча а, чохь телехьожийла ца латайора. Иза тIе хIума а тосий, къайлайоккхура. ХIинца кегий нах бу леш берш. Юьртахь даима а 2-3 тезет доцуш ца хуьлу. Тхан юьртахь некъан бохам а хилла, цхьа кIант вийна, юха шозлагIчу дийнахь оццу меттехь, ишттачу бохамехь кхин цхьа кIант а вийна».

Керта тезет а хIоьттина, вон деъначу стагера бала эца а, иза байбан а, хьалха санна, ца гIерта нах. И хIума хIинца хийцадала доладелла, боху Сулеймана.

Сулейман: «ХIора дийнахь и тезеташ дукха долуш, нах цец а ца бовлу цхьанна а хIуманах. Тезетахь нах охкабелла а ца хуьлу. Шайн дуьненан къамелаш а деш Iа. Балха воьдуш санна лела хьо тезеташка. Хьалха кIиранна а, шина кIиранна а, лулахь тезет даьлча, чохь стаг кхелхича санна, масийтта баттахь хьал латтадора. ХIинца ишшта дац иза».

Нохчийн тезетахь амалехь ду, кIетIа зударий а бохий, веллачун верасе кадам беш. Дийнахь, мел лаххара а 50-за, иштта зударшна тIеваха веза иза, кадам схьаоьцуш.

Со кхаьчначу цхьана тезетахь айдира и хIума, ишшта бала беъна волу стаг кертара ара воьхуш, цунна марабетталуш, боьлхуш леладен Iадат юкъарадаккха дезара, бохуш. Цхьана воккхачу стага элира, кхечара дуьйцучуьнга ла а доьгIна, оцу хIуманна шен маьIна ду, аьлла. Къаночо бахарехь, бала беъна стаг шен сингаттамца ша цхьалха ца вита лелош ду и мелдерг а, аьлла. ТIеоьхучу адамаша шен къаьхьачу ойланийн йийсаре ца вохуьйту иза. Къаночо дуьйцург бакъ хилар даре деш, кхин цхьа а вист ца хилира, массеран а бIаьрга хьалха нисбеллера шайн белларш а, шаьш лайна бала а...