Европехь бехачу нохчийн кегирхойн цхьана тобано керла болам юкъабаьккхина. Масех видеоклип интернете йиллина цара, овх1анхойн а, туркойн а божаберашна шаьш етташ гойтуш. Бахьана – цара дийцарехь вайнехан зудаберашца уьш эвхьаза бовла г1ортар ду. И цу бераша шайн дагахь дикчу Iалашонца долийна ала а тарлуш долу хIума вуно кхераме тIаьхьало йолуш хила сахьт дац.
Нохчийн мехкарийн сий лардо шаьш бохучу Iалашонца долийна хIума ду Австрерчу бевзаш боцчу кегирхоша кху деношкахь юккъедаьккхинарг. Европехь, къаьстина Австрехь бехачу нохчийн мехкаршка дагара хаийтина бохучу бахьанашца кхечу къомах болчу кегийчу нахана етта а етташ, и еттар видеоца дIа а яздеш, Ютюбан агIонехь зорбане доккхуш.
„ТIехьа хьажий бен дош ма ала, хьалха хьажий бен ког ма баккха“ боху нохчийн кица данне а доцчу доккхуш, масех дийнахь кхоъ и тайпа видеоклип зорбане яьлла, ерраш а, схьахетарехь, Австрехь яьхна а ю.
(Къизалла яржор цхьана кепехь къобалдойла дац, дехар ду харцхьа масалх пайда цаэцар)
Цу могIарера цхьана видеогайтамехь вистхуьлуш гуш ву, тIехьажарехь, 15-16 шо долу цхьа нохчийн кхиазхо. Доглазарца дуьйцу цо, шен юхь-сибат а ца лечкъош, шаьш туркойн къомах волчу цхьана жимчу стагана, иза нохчийн йоIаца зIенехь хиларна шек а девлла, хIума тоьхна, цуьнгара телефон схьа а яьккхина, теллира, бохуш.
Интернет-машанехь цу видеошна бухахь оцу сохьта даьржина, дуьненан маьI-маьIехь бехачу вайнаха цу берийн сий деш, йозанаш яздар.
„Дала аьтто бойла хьан, хьо санна дог- ойла йолчу вежарийн“ - бохуш яздо цхьаммо. Вукхо тIетуху: „Вуьззина къонах ву-кх хьо. И зудабераш кхайкхон деза, вуьшта и хIума сацалур дац“.
Иштта дIа кхин а, кхин а.
Шена тидам тIебохуьйту, мел атта, мел ойла ца ярца и йозанаш дечара ир-кара хIиттабо кхиина бовланза болу нохчийн кегирхой. ТIехула тIе кхайкхамаш а беш, „и зудабераш нахана довзийта деза, дIакхайкхон деза“, бохуш. Масех бIе шо хьалха Европехь „гIемаш лецар“ аьлла шен цIе а йолуш, дIакхехьначу инквизицин леламаш юхьабаха гIерташ санна.
Ткъа хIун боху бусулба дино а, нохчийн Iадаташа а, беккъа адаман кхетамо а цу кепарчу леламех лаьцна? Магийна дуй динехь кхиазхой, шайна хезний, хеттий, аьллий бохург юхьара а лаьцна, нехан кочаэхар а, нахера даьлла маьттаза хIума кхайкхор а?
И хаттар Маршо Радионо Венерчу бусулбанийн центрехь хьехамаш беш волчу Iеламче Мусага делира. Цуо дуьйцу.
Муса: „Суна сайна гина яц и съемка. Амма бусулба динехь ледарло цхьаьнгара яьллехь, я цхьаммо цхьа вон болх бинехь, иза даржор магийна дац, хIунда аьлча, иза даржарх кхечарна вон асар хуьлу, вон ойланаш яьржар а хуьлу. Ша и маьттаза хIума лелор дика дац. Ткъа и хIума сацон гIертачуьн нигат дика хила там бу, нохчийн мехкарийн сий лардан гIерташ а хир ву иза, шен дагахь, амма цу иза кхочушдан хаьржина некъ нийса бац. КъурIанчохь цу хIуманах лаьцна аяташ а ду„.
Нагахь санна зудабер я боьрша стаг, я милла а галваьллехь, иза сацон а, нисван а бусулба динехь а, нохчийн Iадаташкахь а шен некъаш бу, Венехь бусулба Iилма хьехаран академехь доьшуш волчу Iеламчас Мусас ма-аллара. Наха, кхиазхоша-м муххале а, шаьш-шайгара кхел яр цу юкъа данне а догIуш дац.
Муса: „Вайн нохчашлахь хьалха дуьйна а и тайпа маьттаза хIума сацадаран шен-шен некъаш бу. Я де-нене доккху иза, я баккхийчаьрга доккху. Бусулба динехь наха шаьш-шайгара кхел яр данне а дац. Бусулбачу стагера яьлла ледарло а, цуьнгара даьлла къа а къайладаккха дезаш ву бусулба стаг.
Пайхамара, Делера салам-маршалла хуьйла цунна, шен хьадисехь аьлла, Делан лайно цхьа кхин Делан лай къайлавоккхур ма вац, Дала иза Къемат дийнахь къайлаваьккхиний бен, аьлла. И бохург ду, цу стеган шен къинош а, ледарлонаш а Дала Къемат дийнахь нахала йохур яц, бохург.“
Венехь нохчийн диаспорехь вевзаш а, лоруш а ву Бисаев Хаважи, дуккхаъчу шерашкахь вайнехан берашна карате Iамош а, цаьрца кхетам-кхиоран белхаш беш а волу. Цунна хетарехь, дикачу Iалашонашца, яхь а йолуш, шайн дагахь нийсоян арадевлла и нохчийн бераш шайн дахаран зеделларг ца хиларна харц а, кхераме а некъ юхьаралаьцна лелаш ду.
Хаважи: „Кегийнахехь яхь хилар чIогIа дика хIума ду, церан шайн къоман хIуманах доглазар а вуно дика ду. Делан къинхетам бу вайн иштта ойланаш а йолуш, са а гатдеш, яхь йолуш хьалакхуьуш кегий нах хилар. Амма вукху агIор, кху дахаран хIуманаш иштта атта а ма даций.
Къаьстина вай цхьана нехан махкахь дехаш хилча, хIара шен цхьа низамаш а, Iадаташ а долуш меттиг ю. Кхара цхьанна стагана новкъарло а ца йо: хьайн дин лелон а вуьту хьо, хьайн гIиллакхаш лелон а вуьту, вайна иза дезахь. ТIаккха иштта цуьнца цхьаьна вайна цIармата хеташ долу хIумнаш лелош болу нах а буьту кхара паргIат.
Ткъа цу бераша леллочух хIун хир ду? Са а гатдеш, яхь йолуш, цхьацца и тайпа хIума лелон гIерташ болчу кегийнахана сингаттам хир бу, вайна а цунах дагахьбалам хир бу. ХIунда аьлча, цу кепара къоман тоьллачу кIенташна зен хилахь, вайна а ду-кх иза зене“.
Иштта Робин Гудийн хьесапехь вайнзаманахьлерачу Европехь, шайна хетачунний, моьттучунний тIе а тевжина, кхечу къаьмнех болчу нахах летар а, цаьрца цхьа шаьшна нийса хеташ йолу бакъо къийсар а зуламе тIаьхьалонаш йолуш хIума хила там бу, аьлла хеташ ву Хаважи. Нийсо кхечу агIор еш хуьлу, иза вай ваьшна тIера йолон езаш ю, кхечу къаьмнашка вай довлале, боху цо.
Хаважи: „Сагатдеш долу хIуманаш а, вай цIармата лоруш дерш а – уьш вайна юккъехь даима а хилла ду, вай иштта шуьйра дуьйцуш ца хиллехь а. Уш хиларан шайн бахьанаш а ду. Масийтта тIом а хилла вайн махкахь, дуккха а инзаре зенаш а хилла, къам чIогIа даьржина а ду.
Ткъа уьш вай цхьана-шина стагана зе дарххий, кхерам тасарххий дIадевр долуш хIуманаш дац. Къомана юккъехь шортта болх а беш, низам а нисдеш, ваьш-ваьш нис а луш бен толур долуш дац уьш.
Цара ма дарра и хIума лелийча, цкъа делахь, вайн къаьмнашна юкъа питана долар а хир ду, шозлагIа делахь, вай ваьшна юккъехь вуно дукха нах бу нисбан безаш, тахана шен чохь ца хилчхьана нахана зе хиларх а, зулам хиларх а, нехан сий дарах а бен ца хеташ лелаш болу. Вай хазза дешарца а, белхашца а дIанислуш, вайн меттиг ларъеш, некъ барций бен нислуш дац хIумма а.“
Венехь бехачу нохчийн диаспоран баккхийчара а, ткъа иштта массо а аьлча санна цигахь бехачу вайнахана а вуно тIеIаткъам бина а, нахехь сингаттам кхоьллина а хIума ду кху деношкахь интернет -машанехь даьржинарг. Массо а кхоьру, и кхайкхамаш дIаязбина, зорбане баьхначу кхиазхошна Iедалера зулам хиларх а, цу берийн кхолламаш и хIума бахьана долуш галмарзахбовларх а.