Даржах вохийна Шемахь тIом бен йоI бахьанехь


Нохчийчоьнан миграцин урхаллан куьйгалхо Дудуркаев Асу даржах вохийна мехкан администратора Кадыров Рамзана, цуьнан йоI Шемахь тIом беш хиларна бехкевеш.

ФСБ-н хьостанаша чIагIдарехь, 200 тIера 400 тIекхаччалц нохчо ву Шемарчу дуьхьалонан дакъошкахь тахана тIемаш беш. Царех а, кхечу къилбаседа кавказхойх а лаьтта «Ал-МуджахIирин» цIе йолу дакъа. Иза дузуш тIеоьхуш а бу нохчий, дуккхаъчу дуьненан агенталлаша чIагIдарехь.

Масала, бут хьалха ХьаьжцIа ваххарх, цIехьа ца воьрзуш, шен шича а волччу Шема тIаме вахана бохуш вуьйцу махкахь кху деношкахь Ахьмад цIе йолу цхьа вашандаро.