Юха тIаккха а даима санна - дерриг нохчийн къоман лазам, ненан мотт. Нохчийчуьра нохчийн меттан лингвисташ ойланаш еш Iа замано деъна а, заманийн кIаргенехь дайна а керла дешнаш юхадалийна, дахаре дерзийча хIун дара-те бохуш. Ткъа таханенна-м яц ур-атталла орфографин юьззина ю ала тарлуш дошам а.
Нохчийн маттах, цуьнан хиндолчух дог а лозуш, саготта болучара хаддаза дуьйцуш лаьтта тахана, цуьнгахь йоллург луьра гIело хилар, ненан маттахь йоьшурш а, яздийраш а кIезиг хиларна иза шена «Iожаллин»гIовла кечьечу новкъабаьлла хилар.
Цхьаболчу Iилманчаша а, яздархоша а аьттехьа а ца дуьту нохчийн мотт «бала керчаш» бу бохург. Цу маттахь къамел деш цхьа стаг мел ву, боху цхьаболучара, и лийр бу бохург бакъ дац.
И тайпа хьажам даррехь харц бо дуьненахь зеделлачунна тIе а тийжаш кхоллаеллачу статистико. Цо кхеторехь, цуьрриг бIаьрла яц нохчийн меттан оьмар. Дуьненахь зеделларг юьхьар а лаьцна, говзанчаша далочу статистикан тоьшаллех а, тахана махкахь нохчийн матте болу хьажам бен-башхалла йолуш хиларх а дуьйцуш ву «Орга» журналан редакцин кхеташонан декъашхо, журналист, Iилманча, исбаьхьаллин литературан мах хадорхо Бурчаев Хьалим.
Бурчаев: «ЛартIе вай дахка дохкуш ду аьлла ца хетта сунна – академин бух а болуш кхоьллина орфографин дошам а яц вайн хIинца а. Ас даима а тIехдетташ а ду иза. ДоггIу алапа а хIоттийна, шарахь мукъане а болх байтича, хир яра иза. Цунна а тIе ца тов, тетта дезаш ду-кх вай.
Советан Iедал бехке дарий, кхидерг дарий, олий, бехказа довлу вай. Амма мотт баккъал а лечу хьоле кхочуш бу. Вайн чкъор дIаиккхича, иза хууш наггахь а хир вац. Багахь тема дийр ду, амма Iилманца а догIуш, хууш хир бац.
Цкъа цхьана кхеташонехь ду. Нохчийн метан проблема ю оьрсийн маттахь юьйцуш. Ас боху, ненан метан гIайшгIанаш а, дерраш а нохчий а долуш, вай оьрсийн маттахь буьйцуш хиларо ца гойту вайн метан дакъазалла?
Мотт, иза буьйцуш цхьаъ висахь а, бела олийла дац, мотт леш бу боху ЮНЕСКО бакъ яц, бохуш, вовшийн а Iехош, деха вай. Ткъа ЮНЕСКО-с далочу хьесапашца, мотт лечийн могIара болу иза буьйцуш бIе эзар стаг а вацахь. Вайн-м бац оццул метан бала болуш нах. «Даймохк» газете, «Орга» журнале язвелла мел вверг а вац ши эзар стаг а берриг а нохчех».
Литературан говзанча Бурчаев Хьалим а, цуьнга терра цхьамогIа яздархой а, Iилманчаш а тешна бу нохчийн маттах коьрта дезар а дина, юкъаралле шуьйра пайдаэцийта таро ерш Iедалан коьртехь берш бу аьлла.
Делахь а уьш цкъачунна сиха бац, «хIара ца хилча-м амал ма дац» аьлла, бахархойн ойла кхио сацам тIеэца. Нохчийн маттана беш болу ницкъ жимма кхеталуш болучарна массарна а и хууш ду, амма цхьа цхьаъ хIуттуш вац хIинца, кху заманахь санна, нохчийн маттана вон тIеIаткъам цкъа а бина цахилар гIардаккха.
Бу бохучу яздархоша а шайн гонехь дечу къамелашкахь билгалдоккхуш ду, тахана ненан мотт цкъа а ца хиллачу кепара Iазапехь хилар а, цу Iазапах маца хьалха бер бу ала гуш, гIийла богу чиркх санна а, дегайовхо кIезиг хилар а.
И бохург дац и кхион, цуьнан таронаш шорьян лаам берш, цу тIехь хаддаза къахьоьгурш банне а бац бохург. Нохчийн мотт самабаккхарехь, цуьнан хьал-таронаш кIаргъярехь. керла дешнаш кхолларехь шатайпа некъаш карош схьавогIу, масала, филологин Iилманан кандидат Вагапов Iаьрби, меттан орамаш зуьйш, дешнаш кхолладаларан, тIеэцаран башхаллаш ахкаме а ехкина. гуттар лехамехь ву, масала, байтанча, меттан говзанча Яралиев Юсуп а.
Иштанаш дукха бу. Бакъду, цара ечу къароца. церан белхан хьашто хилийта, Iер-дахарехь а, массо а доьшийлашкахь а, Iедалан хьукхмат-урхаллашкахь а нохчийн мотт безаш тIеэцийта декхаредерг, мукъ карахьберг Iедал ду. Цуьнца бузу ненан меттан кхоллам дукхахболучара.