Украинин министрийн кабинетах тешам байна хиларх лаьцна сацам тIеэцийта дагахь ю цу пачхьалкхера оппозици. Цу кепара дехар долуш кехат чуделла оппозицин депутаташа Украинин Лаккхарчу Раде. Цуьнан бахьана ду министрийн кабинето Евробертаца гергара юкъаметтигаш нисъян барт бар хьокъехь беш хилла болх сацор. Киеван юккъехь юха а тасадаларш хилла оппозицин агIончийн а, милцойн а.
Опппозицин агIончаш пикет дIахьош бу министрийн кабинетан гIишлонна хьалха. Цара доьхург ду Азаров Николайс куьйгалла деш долу Iедал дIасахецар. Цу тайппа дуьхьалонан акцеш дIайоьлхуш ю кхечу Украинин гIаланашкахь а. Цхьаболчу хаамашца КIирандийнахь, «Европехь йолчу Украинехьа» цIе а йолуш, Киевехь хиллачу митингехь дакъалоцуш вара 100 эзар гергга стаг.