Женева-2 хир ю тIедогIучу шеран Дечкен-беттан 22-чу дийнахь

Шемара хьал дIанисдар Iалашонца дуьненаюкъара конференци хир ю Женевехь 2014-чу шеран Дечкен-беттан 22-чу дийнахь. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан инарлан секретаран Бан Ки Мунан зорбанан сервисо динчу дIахьедарехь аьлла ду, «Женева-2 олу конференци гIирс бу дерриг а Шеман халкъана оьшуш долу машарца цу махкахь Iедал хийцийта Iалашо йолу" аьлла.

Цу дIахьедарехь аьлла дац билгала цу форумехь дакъалоцуш мила хир ву аьлла. Оьрсийчоь лууш ю цуьнан декъашхошна юкъахь ГIажарийчоь хилийта. Цунна дуьхьал ю Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ а, Малхбузера пачхьалкхаш а. Шемарчу цхьаьнакхеттачу оппозицин векалша дIахьедар дина, шаьш цу конференцехь дакъалоцур ду, нагахь Асад Башар президентан даржера дIавала реза хилахь аьлла.