„Репортераш дозанаш доцуш“ юкъараллин хааршца, тIаьхьарчу масех дийнахь 40 сов журналист лазийна Украинин коьртачу шахьарехь Киевехь. Царех дукхахберш Iедалхошний, машаречу дуьхьалонан акцин декъашхошний юккъехь хиллачу тийсадаларшкахь зенаш хилла бу.
47 журналист деа дийнахь лазор – иза ша-башха рекорд ю муьлхачу а, - мел тоталитаре режим Iедалехь йолчу а, - пачхьалкхана. Ткъа Европехьа интеграци яр я ца яр къасточу Украинехь и саннарг тешна а вуно цецвоккхуш хIума ду. Цундела а ду дуьненаюкъарчу „Репортераш дозанаш доцуш“ адамийн бакъонашларйархойн юкъараллин векалийн цу хIумнах сел цецбовлар.
Цу юкъараллин немцойн декъан куьйгалхойх цхьаъ волчу Мир Кристиана бинчу хаамца, доллучу дуьненчохь а журналистийн бакъонаш хьешар толлуш йолу цуьнан юкъаралла инзар яьлла ю Киевехь журналисташна тIехь бинчу ницкъах.
Мира дийцарехь, Киевехь чевнаш йиначу 47 журналистах массийта ву вуно дера лазийна, валаран- дийнависаран зил тIе кхаьчна. Уьш, и нах, могIарерачу демонстрантех ца къасталуш ца хилла Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера „Беркут“ тобанаш, царна шаьш еттачу хенахь, бохуш дийцира цуо Берлинехь пресс-конференцехь, - хIунда аьлча, Майданехь болх бечу журналисташна тIехь „Пресса“ аьлла йоза тIехь долуш лерина белхайохкаргаш хилла дена. Иштта цуо элира, журналисташна таIзарш динарш билгал „Беркут“ леринчу полицин тобан декъашхой хилар а шайна хууш ду, аьлла.
„Репортераш дозанаш доцуш“ юкъараллин векало Мир Кристиана а, ткъа цул хьалха цхьа могIа хаамийн гIирсаша а чIагIдарехь, Евромайданехь гулбелла Iедалан дуьхьалончаш дIасалоьхкучу полисхоша леринчу Iалашонца уггаре а хьалха журналистийн сарташ доху а, видеогойту а аппаратура йохон гIерта. Иштта тергамчаша билгалдоккху, журналисташна тIелатарш динчарна юккъехь лерина лелаш болу питанчаш а нислуш хилар.
И дерриге а тидаме а эцна, Украинан Iедале а, дуьхьалонан акцин декъашхошка а кхайкхам бина журналистийн бакъонашкахь къуьйсучу юкъаралло, журналисташна дуьхьал лелош долу талорш сихонца сацаде, аьлла. „Полици, мелхо а, хаамийн гIирсаша Евромайданах дерг бакъдолчу агIор дIагайтарехь хила езаш ю, ткъа журналисташна дуьхьал дина долу зуламаш гIуда доцуш ца дисийтархьама къахьега дезаш а ю,“, - элира „Репортераш дозанаш доцуш“ юкъараллин куьйгалхочуо Мир Кристиана.