Мацах цкъа советан заманахь лелла хилла „ирсан кехаташ“ ма тийсара, "бусулба" чулацам болу йозанаш телефонашкахула а, интернетехула вовшашка тийсар юккъедаьлла нохчашлахь.
Советан пачхьалкхенан мичча маьIIера а, аьр вай, геначу Сибрехара а, кхочуш нислора цхьанхьа Нохчийчоьнан эвлахь вехачуьнга, „ХIара кехат ахь даржа а дина, 10-стаге я пхийтанге дIасатассахь, хьуна дуьйцу ца хезна ирсаш кхочур ду, даккхий дуьненан ниIматийн да а хир ву хьо“, аьлла чулацам болу кехат. Боккъал а цу полах теша а тешаш, маркашна а, конверташна а харжаш а еш, и кехаташ дIасатуьйсуш берш а нислора.
ХIинца, вайн заманчохь, ур-аталла конверт эцна, харж ян а ца езаш, юха а юккъедаьлла и хIума. Бакъду, чулацам цу „ирсан кехатийн“ ша -башха бирзина – уьш хIинца бусулба йозанаш ду, я ма-дарра аьлча, псевдо-бусулба. Интернет а, мобилан телефон а хилчахьана, атта мел баккха а, кхин башха дIогара къахьега а ца дезаш, дуьненчохь ирс-аьттоне кхача а, эхартахь елсмане кхача а некъаш хьоьху цу „ирсан кехаташ“.
Масала, ишттачех бу ватсап олучу мехаза вовшашка хаамаш базбан таро лучу системица уггаре а сих-сихох вайнаха вовшашка туьйсуш болчех болу хIара хаам.
„Ас сатуьйсу ахь хIара хаам чакхенга кхаччалца боьшург хиларе.
ИншааллахI. Деша а деший, иштта кху тIехь ма-дарра делахь. АллахIа стиглара кор схьа а диллина, хаьттира соьга: „Тахана хьан уггаре а боккха лаам муьлхарниг бу?“ - аьлла. Ас жоп делира: „Йа АллахI, хIара кехат доьшуш волчу стагана а, цуьнан доьзалшна а дика болх бехьа“, - аьлла...“
Кхин дIа деха тептар ду яздина, СаIудийн Iарбахь цхьана стага хIара санна долу кехат шега кхаьчча, иза дIасадаржийнера, тIаккха цунна вуно даккхий диканаш деллера Дала, керла болх а, доьзалехь ирс а, вааа шортта ахча а. Ткъа кхин цхьаммо оццу СаIудийн Iарбахь хIара кехат тергал а ца деш дитинера, тIаккха иза кIир далале веллера, бохуш.
И пал, Iесачу заманашкара таханналца схьакхаьчна болу, язбар а, иза баржабар а, бусулба динца цхьа а зIе йолуш хIума дац, дешначу наха дийцарехь. Иза цхьана тобанаша я шайна болчу пайденна я цхьана бусулба динна леринчу зуламанна язбеш бу, ткъа шайн дин ца девзачу бусулбачара, шаьш лелорг къа дуйла а ца хууш, иза баржабарехь цу зуламхошна гIо до. Маршо радиоца цу хьокъехь къамел динчу Венерчу доккхачу маьждигехь хьехамаш беш волчу Iелимо Мусас ма-дийцара, и тайпа хаамаш баржор Делаца накъост лацар аьллачу уггаре а доккхачу къинца дозанехь хIумнаш ду.
Муса: „ Бусулба динехь массийта агIо ю цу хIуман. И массо а агIо а мегаш йоцуш а, хьарам а ю. Iесалла тIера дIа доладелла Делаца накъост лацарна тIекхаччалца долу кхераме хIумнаш ду цу юккъехь.
КъIурIан чохь хьахийна а ду и хIумнаш, мегаш доцийла хууш а ду. Къайленаш хууш АллахI бен вац. Оцу хьокъехь дуккхаъ аяташ а ду. ХIара дича хIара хир ду бахар – иза кхераме хIума ду. Бусулба динехь цхьа а агIо йолуш а дац. И хIумнаш дIадаха гIерташ доссийна а ду бусулба дин, ша доссочу хенахь.
Иза ца хилча а, хьенеха хIара аьллера, вукхо важа аьллера, бохуш, бакъ ду -дац хууш а доцу къамелаш даржоран хьокъехь Пайхамара, Делера салам-маршалла хуьйла цунна, аьлла хьадис ду, нагахь санна цхьаммо шена хезнадерг бакъ ду-дац ца хьожуш, дийцахь, харцдерг дийцина хила цунна иза тоьуш ду, аьлла. Иштта кхераме хIумнаш ду уьш."
Советан заманчохь „ирсан кехаташ“ аьлла хилла долу цхьа ша-башха догцIена йозанаш даржош хилларш-м бераш дара, кхиазхой а бара, ткъа вайн заманахь и хIума лелош берш кхиина бевлла нах бу. И стенца доьзна хета хьуна аьлла хаьттича, Мусас бусулбачарна шайн дин ца довзар ду цу хIуман коьрта бахьана элира. Ткъа иза девзачара иштта болу и псевдо-бусулба хаамаш баржор а бац.
Муса: И хIумнаш даржа дан мегар дац. Шега кхаьчначуо дIадайъа деза и санна долу йоза. Нагахь санна шена вевзачуо иза шега даийтинехь, тIаккха цуьнга дIаала деза, иза мегаш дац, аьлла, иза соьга кхин ма язде, аьлла.
Цхьа кица ду, "бер стеннах а Iехалахьара, иза делха ца дилхичхьана," аьлла. Наг-нагахь цунах терра хетало и дош доцу чулацам болу хаамаш баржочу нехан лелар. Цара вовшашна дин хьоьху шаьш а моьттуш, уггаре а хьалха эрна йойъу хан, бусулба дино ца магийначу кепара- цунах хенан исраф, я хенан кхоам ца бар олу.
Ткъа цу юкъана и хаам кхуллуш а, уьш бусулбачарна хьоьхуш а болчара керла-керлачу агIор кхиош ю шайн корматалла. Кху деношкахь авторе кхаьчна хилла хаам, масала, ишттачу дешнашца болалуш бара: „Ма-дарра аьлча, со суо а яц хIокху кепара хаамаш безаш а, кхарех тешаш а, амма хIара-м боккъала а хьоьга ца дийцича ца йолу со“... Адамийн психологи дика евзаш хиллачух тера ду и пал язбинарг.