Iамеркан Цхьаьантоьхначу Штатийн тIеман министр Чак ХIэйгел кхаьчна ОвхIан пачхьалкхе. Иза цигахь цхьанакхеташ ву Iамеркан эскаршца. Пентагоно хааме яккхаза йолу визит, Iамеркан а, ОвхIанхойн а кхерамазаллин барт чIагI ца балучу муьрехь нисъелла. Мехкан президентца Карзай Хьамидца цхьанакхетар волуш вац ХIэйгел.
Карзай дуьхьал ву, 2014-гIа шо чекхдаьллачул тIаьхьа а Iамеркан эскаршна ОвхIанехь диса таро луш болчу бертана кIел куьг таIон.
Шоьтан дийнахь хьалхуо, Бахрейнехь волуш, ХIэйгела Iамеркан Персийн аймера бертахой тешийра, гIажарийн зарра программа сецорна тIехьажийна долу дипломатан гIуллакхаш, Iамеркан тIеман тIеман ницкъана тIетевжина ду, аьлла.
Женевехь Лахьан-баттахь ГIажарийчоьно а, ялх нуьцкъала пачхьалкхана а юкъахь гIажарийн заррат программехула куьг яздинчу барто сингаттам кхоьллинера, Персийн аймера цхьа моггIа суннийн пачхьалкхийн. ШиIаташа урхалла деш йолу ГIажарийчоь, кхераме хета царна.
Женевехь чIагIбинчу бертаца а догIуш, ГIажарийчоьно шен цхьайолшу заррат элементаш Iад юьту. Цунна дуьхьала, ТехIранна тIера дIайоху, дуьненаюкъара экономикан санкцеш.