Чегемехь зен динарш лоьху Iедало


ХIинца а халчу хьолехь ву ши де хьалха Чегемехь тIелатар деш чов хилла ГIебарта-Балкхаройчоьнан полицин министраллан белхахо. Иза а лазош, вийра махкарчу набахтин ши белхахо Локияев Зариф а, Аппаев Спартак а. ГIали юккъехь сарахь, маса-тоьпаш а тухуш, тIелеттарш лохуш ду Iедал.