1994-чу шеран Iай, Нохчийчу боьду тIеман бIо шайн махкахула чекхболуш, цунна дуьхьал а хIиттина, беллачу гIалгIайх ву хIетахь шайн махкахь могашаллин министр лаьттина Горчханов Тамерлан.
Цхьа кIира хьалха Веданан кIоштарчу МахкатIехь, юьрта юккъехь, йоьгIна 22 метр лекха бIов. Музей хир ю иза. Оцу вайнехан ширачу гIишлонна тиллина гIалгIачун Горчханов Тамерланан цIе.
I994 шарахь, гIура беттан 11дийнахь, цо шен машен дуьхьал хIоттийнера Нохчийчу доьдучу оьрсийн эскаршна. Цигахь цуьнан машен а хьошуш, чIогIа ирча йиттира цунна эскархоша. Хиллачу чевнех велла иза оцу некъан йистехь.
ХIетахь ГIалгIайчоьнан могашаллин министр хилла Горчханов Тамерлан иштачу хьелашкахь велла аьлла, шуьйрачу юккъараллехь дуьйцуш а дацара. Довзаза дисинера оцу цхьана дийнахь гIалгIаша эскаршна новкъарлонаш яр. Виъ маьрша вахархо велира цигахь.
Горчханов Тамерланан йоьIца, Тамарица, зIене елира Маршо Радио. Цо дийцира шайн дех лаьцна.
Горчханова: «Тхо цу дийнахь Соьлжа-гIалахь дара. Сарахь хиира тхуна иза хиллийла, телехьожийлехь иза аьлча. Бохам Iуьйранна хиллера. Оцу дийнахь дIавоьллира иза. Цу заманахь мобилан телефонаш а яцара. Аушев Русланан гергарчу нахаца зIене девлча, хилларг хиира тхуна. Къевлинчу гIали чохь йолчу суна а, сан нанна а вон хиларна кхоьруш, ма дарра ца дийцинера тхуна бакъдерг. Ши бутт баьлча бен ца хиира. Оьрсийн эскархой баьхкира тхо долчу, ишшта а, ишшта а хиллийла хиира тIакха суна».
Нийсо езаш, шен дешан да, харцо цхьанна а кепара тIеюьтур йоцуш вара шайн да, бохуш дагалоьцу хIинца, да санна, ша а ГIалгIайн махкахь лоьран балхахь йолчу Тамарас.
Горчханова: «1992-чу шарахь БуьрийтIехь доьшуш хилла ваша вайна сан. ХIинца а хууш дац цунах хилларг. Хало лайна тхан дас. Шозза инфаркт а хиллера цунна иза бахьана долуш. Цу дийнахь а халонга даьлла хилла хир ду-кх цунна леларг. Машен некъа юккъе, пурх дIахIоттина хилла цо. Иза а йохош, ша лазийна. Бакъон тIехь лаьтташ а, къомах дог лозуш а стаг вара иза. Цунна чIогIа новкъа дара-кх иза а, хьалха хилларг а».
ТIом болалучу цхьана дийнахь гIалгIаша эскаршна дуьхьало йина хиллийла шайна цул тIаьхьий бен ца хиира, бохуш, кхин дIа а дуьйцу Горчханова Тамарас.
Горчханова: «Со хилла яц цигахь. Амма гергарчу наха схьадийцарехь, дуккха а нах лазийна цигахь. Цхьаберш дарбан хIусаме бигина. Кхиберш дIаолуш, схьаолуш лаьттина эскаршна дуьхьал. Кхо стаг вийнийла хаьа суна».
Нохчийчу тIамца боьлхучу эскархошна а моьмоьтташ ца хила шайна гIалгIай дуьхьалбевр бу аьлла. Шен дагалецамашкахь иштта дуьйцу хIетахь Къилбаседа Кавказерчу тIеман гонан буйранчан гIовс лаьттинчу инарлас Наумов Александра.
Наумов: «Тхо совцийра массара а – зударша, божарша, верриг а тIеветталора, машенаш херцайора, ягайора. Я эскар а, я тхо, эпсарш а, кийча дацара ишттаниг лан, ца хаьара хIун дан деза цу халкъаца».
Схьавалар Нохчийчуьра долчу инарлас Трошев Геннадийс а шен дагалецамашкахь дийцира оцу тIамехь шен уггаре а хьалха велла салтичун кхалхарх лаьцна. ГIалгIайн махкахь, Барсуки-эвлана гергахь, меттигерчу бахархоша йиттина вийра иза бохура цо.
Трошев: «ТIом хир бу бохучух теша ца лаьара. ТIемало хиларе терра? со кхетара, иза вахана-вар доцийла. Ас кхетадора. Ган а гира сан эскар арадаьллачу хьалхарчу дийнахь, Нохчийчу а кхачале, ГIалгIайчу кхаьчча. Со цига кхоччушехь кхийтира. Маьрша нах тIелета буьйлабелира. Машенаш херцайора. Ковранаш сецайора. Радиаторшна юнашца Iуьргаш дохура, чкIургаш лелхийтора, еттара герз тоха ас дихкина лаьттачу салташна. Цигахь, ГIалгIайчохь, велла сан хьалхара салти – могIархо Масленников Евгений».
…Тахана Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а хьакамийн даьлла дов цхьана а кепара шина къоман юкъметтиг гойтуш ду аьлла ца хетало. Вежарша, я нохчаша а, я гIалгIаша вовшашца дац къийса хIума. Юккъараллехь кхета, дайша шайна ма-хьеххара, цхьа орамаш а долуш, цхьа истори а йолуш буйла вайнах. Ткъа Iедалхой-м хийца а луш лаьтта, бухадуьсург ду къам.