2013: Чолхе хенан хIоттаман хьелашкахь
Дечкен беттан 9-чу дийнахь Индин боккхачу хIурда тIехь дарц гIаьттира, шеца цIен чан йолуш. Австралин Онзлоу гIайренна гергахь.
Шераш-тIекхачаран церемоне боьлхуш бу кимонош йоьхна зударий, Токион урамашкахула. Дечкен беттан 14 де. Цул а жимма хьалха доккха ло диллинера Японехь.
Семафорашна уллехь лаьтташ ю зуда Сибрехарчу Якутск-гIалахь. Арахь 46 градус шело ю. Дечкен беттан 16 де
ДогIучу лайх едда йоьдуш ю хIара зуда, СаIуди Iаьрбийн пачхьалкх. Чиллан бутт, 1.
Хиш дистинчу Македонера Моноспитово эвлахь вогIуш ву хIара стаг шен жIаьлица. Кхаа дийнахь-бусий догIанаш дилхинера цигахь. Чиллан бутт, 27.
Украинин коьрта Киев-гIалахь урамийн белхахо ву ло дIадаккха кечлуш. Хаддаза деанчу лайно хьулъйина массо хIума. Михайловский катедрал. Зазадоккху бутт, 26.
Юртбахамхо О'Рейли Доналд уьстагIашна лайна бухара йол йоккхуш ву. Къилбаседа Ирланди, Зазадоккху бутт, 26.
5 метр лекха ло а диллина, мел лаххара 140,000 хIусам а, юкъара гIишлош а ток йоцуш йисинера дукха доккха диллича.
Китайра Шеньян-гIалахь онда дохк йиллина. Охана-бутт, 2.
Снядин эвлахь хи тIедаьллачу шен хIусамехь хиина Iаш ю хIара зуда. Припять-хина уллехь, Беларуси, Охана-бутт, 16.
Мазар-и-Шариф-гIалара нах бу тIеихинчу догIанаша баьккхина хотт дIабаккха гIо деш. ОвхIан-пачхьалкх, Охана-бутт, 24.
Iаламехь инзаре "шолгIа малх" олу хилам бу. ХIурдан йистера Лакхенаш, Нью Джерси. Стигалкъекъа бутт, 14.
Канзас-штатера Саут-Хейвенна уллехь лаьттах хьакхаяла гергга ю дохк. ДогIан дан кечлуш гулъеллачу мархийн цхьа дакъа дара иза. Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташна юккъешхула дарц чекхделира, онда мох хьокхуш, буйннал шеш детташ. Стигалкъекъа бутт, 19.
Оклахома-гIалахь торнадо чекх яьллачул тIаьхьа баьллачу хатталахь лаьтташ ю ши йоI. Стигалкъекъа-беттан 20-чу дийнахь 3 чаккхарма шуьйра торнадо яхара Мурехула. Мел лаххара а 51 стаг вийра, мел йолу хIусам хIаллакьйина, дIаяьккхира. Цхьаьнатоьхна Штаташ.
Белград-гIалахь дарц детташ, Стигалкъекъа бутт, 30.
Чехин коьрта гIала ПрахIа. Влтава хи чохь Индера динан лидерна Шинмой Шрина хIоттийна хIоллам къайлабалаза бисина хи дистича. Мангал-бутт, 2.
Ченан дарц гIаьттина ОвхIан-пачхьалкхехь. ХIелманд провинцехь Британин эскарша туп тоьхна меттиг. Мангал-бутт, 3.
Мисар-пачхьалкхера латталелорхо ву шен дакъаделла латта гойтуш. ХIинццалц цигахь хи диллара
Нил хи Iера. Ал-Дакалия. Мангал-бутт, 4.
Вохвелла кIант ву Пакистанерчу Лахорехь хи чу эккхаш. 43 градус йовхо лаьттира хIокху аьхка.
Китайра Жежианг провинцехь Кхаьоси метрон станцехь бераш лаьтташ дийшина Iа. Арахь 40 градус йовхо лаьтташ, бIеннаш нахана там хуьлу метро чу бевлча. Товбецан бутт, 26.
Карачера бахархой кIелхьара бохуш ю трактор. Деза тIеихинчу догIанаша вийна, мел лаххара а 100 стаг. Пакистан, Марсхьокху бутт, 4.
Хабаровск-гIалара Ленинан цIарахчу стадионехь хи тIе даьлла.
Дарц даьлла Пакистанера Лахорехь, Рави хина йистехь. Гезгмашин бутт, 15.
Францера Булонехь хина йистехь хIоттийначу доьхьалонех етталуш ю тулгIенаш. ГIадужу-бутт, 28.
Филиппинехь тайфуно динчу зенашка хьоьжуш бу Таклобанера бахархой. Лахьанан бутт, 10. 10,000 стаг вийна, 660,000 хIусамах ваьлла.