Ходорковский Оьрсийчу юхаван маьрша ву боху Песковс

Оьрсийчоьнан президенто геч а дина карарчу хенахь Германехь волу Ходорковский Михаил маьрша ву Оьрсийчу юхаван. Цуьнах лаьцна France-Presse агенталле дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс. Песковс дийцарехь, Ходорковскийс ши кехат яздина хилла Путин Владимире.

Царах цхьаъ доца а, официалан чулацам болуш а ду, ткъа важа ду деха а, Путине дагара дуьйцуш а. Хаамин агенталлаш дийцарехь, Шоьтан дийнахь Берлинехь Ходорковский цхьаьнакхетта шен кIантаца Павелца. Ходорковский Михаилан зорбанан конференци хир ю КIирандийнахь делкъалтIаьхьа.

Iамеркан пачхьалкхан секретаро Керри Джона къобул дина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Ходорковский набахтера дIахецар.