Хьенан яздархо ву Ибрагимов Канта?

Ибрагимов Канта, яздархо

Оьрсийн маттахь бен язьеш воцу яздархо Ибрагимов Канта тахана Нохчийчохь вевзаш ву нохчийн яздархойн Кхеташонан хьаькам санна а, кест-кеста яккхий ирташ-романаш арахоьцу прозаик санна а. Нохчийн яздархошлахь уггар дукха гочвечех цхьаъ велахь а, цуьнан кхолларалла цхьабосса кхетош яц яздархоша я, дешархоша а. Цхьаболчарна цуьнан романашкахь кIорге карайо, ткъа вукхара, цо ден "охана" гома лору.
Оьрсийн маттахь язьеш гIарваьлла ву Нохчийчохь дика вевзаш волу дешан говзанча, вайнехан яздархойн кхеташонан коьртехь волу Ибрагимов Канта. Цо зорбане яьхна романаш тIаьхьий-хьалхий кхечу меттанашка йохуш ю. Дукха хан йоццуш цуьнан «Прошедшие войны», «Чекхбевлла тIемаш» араяьккхина вьетнамхойн маттахь. Говзанчаша дийцарехь яздархочо аьтто хилла ламанхойн гIиллакх-Iадаташ, ламасташ, 20-чу бIешеран дахаран хьелаш довзийта.

Цуьнан дуккха а ирташ немцойн матте а яьхна. Официалан гIардаккхарца немцойн юкъараллин кхеле а евлла, дуьне ган кийча ю цуьнан цхьа могIа романаш : »Детский мир», «Аврора», «Дом проблеи», «Академик Захаров».
Ишта зорбане яха кечьеш ю Ибрагимов киншкаш Китайн пачхьалкхехь а,кубехь а.

Нохчийн исбаьхьаллин литература дика евзаш болчара даре а деш вайнахалахь цхьана а яздархочун хилла бац оццул гочвеш, сел боккха кхиам.ТIаккха а цуьнан кхолларалла тIеэцар а, кхетор а яккхий башхаллаш йолуш ду махкахь. МогIарерчу дешархоша,беккъа цхьана хиламийн бен мах хадош боцчу дешархоша чIогIа даладелла яздархо лору Ибрагимов. Иштачех ву Теркйист кIоштера, цуьнан хьокъехь шен «бакъ» долуш волу Дешиев Мовта.

«Цо санна киншка язйина оьрсийн маттахь стаг вац.Сайн делах волийла со,урс тоьхча а вилхина воцу со цуьнан «Седой Кавказ» йоьшуш вилхина-кх со. Къам дохийча цхьана гIамаршлахь 40 стаг охьа а кхоьссина висча, цара лайна мацаллин бала гуш вилхина-кх со. Бакъ ду-кх иза.Уьш массо ле. ТIаьххьара и нохчий зуда дIайолу, шен бер шена тIе а доьхкий, делча а шеца хилийта. Амма нана кхелхинчул тIаьхьа бер дийна дуьсу.»

Маршо радио: Хьуна товш дерг хIун ду?

«Церан мехаш хедадаллал со дешна а вац. Цхьа хIума эр ду ас. Дала охьа а кхоьллина, совнаха , оьзда доцуш цхьа хIума ца далош язйо цо. Уггар хьалха шен къоман яхь, юьхь, оьздангалла ларйо цо. Цуьнан хIара сов ду-кх аьлла цхьа дош юкъахдуьтур да ахь.Ас дукха хIумнаш ешна оьрсийн маттахь Айдамиров а, Базоркин а кхин а, кхин а. Хьуна бакъдерг дезахь кхо уьш чоьта боьхкинакх. Оццул дика-м яздо цо».

Ибрагимов Канти кхоллараллин исбаьхьаллин «чомах» дуьйцуш ву оьрсийн маттахь язьеш волу и говзанча «оьрсийн» яздархо ларар бакъдолчунна герга хеташ волу Байтан-гочдархо Хатаев Хьусайн.

Хатаев Хьусайн: «Кавказхочо оьрсийн маттахь язьеш хилча, цунна и мотт чIогIа мехала хила беза, дика хууш, цу оьрсашна юкъахь хьала а кхиъна, цаьрца массо тайпа «хьан а, сан а» долуш хила веза. Хьокхуьнан мотт кавказхочуьнан мотт бу, оьрсийн исбаьхьаллин мотт а бац и. И цхьаъ ду. Ас цуьнан «Чекхдевлла тIемаш» ешна. Цо сан шеко кхоьллина шен цхьа бIостаналлица.

Масала, цигахь цо нохчочун а, жуьгтичуьн а юкъаметтиг чIогIа ирча юьйцу цо. ЧIогIа Iотттавелла гойту ший а. Цабезам бу шинггехь, шинне вовшийн вийна ган лууш. Оцу жуьткичунна вела ган лаьа,нохчочунна изза лаьа. Цунна и мичара даьлла а ца хаьа суна.

Суна цкъа а нохчаша жуьгтий иштта вон буьйцуш хезна дац. ХIинца ишта мода тайпа хIума яьлла, тIаккха нохчаша юкъахь бу ала цхьаъ хир ду-кх. Цул сов кхин цхьа меттиг а ю. Турпалхо ву оьрси, ткъа да нохчо ву. И оьрсийн кIанттий, дай, нохчи кIанттий цхьанаметтехь нисло-кх. Оьрсийн зудчо вина кIант да кIелхьарваккха веъна бах оьрсийчоьно чубеъначу тIама юкъара дIавига.

Доцца аьлчи? дешархо тешош хIума дац, шеко кхуллуш ду. ХIун Iалашо йолуш гулбина цо уьш цхьанаметта кхеташ дац. Оццу романехь цхьа атта зуда а ю цуьнан. И хьанах схьаяьлла а ца хаьа.Цхьана агIор мехала адам санна а гойту цо вукхара бодане,дахкарлахь а хIумнаш ду доккха.

Дахарехь хила тарлуш доцу хIумнаш ду-кх. Нохчийн маттана иза цхьа вац. Оьрсийн маттана, оьрсийн културана и мила ву ала ца хаьа суна. Цо Захаровх лаьцна язйинарг гIолехь хийтира суна-м. Вуьшта нохчийн маттана, халкъан хIума лардарехь и мила ву ца хаьа суна. Масала Фазиль Искандер схьаэцча Абхазин маттана а, куртурана и мила ву ? Цхьа а вац-кх. Изза ду-кх кхузахь а. суна вон агIо а го, дика а агIо а го.

Вон агIо ю-кх мотт леш хилар. Москвана хIун толам бу ца хаьа суна мотт балийтар. Бийцарх мотт хуьлу бохург бакъ мА дац. Дешнаш кхолла а деза. Дешнаш кхолла вайн меттан таро мА ю. Масала дотта дуттийла. Амма вай и ца до. Стенна аьлчи оьрсийн дешнаш кийчча долуш ду. Вай царех пайдаоьцу. Москвара дуьйна схьа а, кху чохь а тIехь политика хуьйцуш ца хилча и мотт вайгара дIаболуш бу.»

Ма-дарра аьлчи цхьабосса тIеоьцуш яц Нохчийчохь Ибрагимов Кантин кхолларалла. Цхьаболчара иза стигалан Iаьрчашка хьалахьо, ткъа кхечара могIарера, шех лаьцна даккхийра дийца хьашто йоцу яздархо лору.