Европера Адамийн Бакъонийн Кхел яцахьара йиш яцара нохчийн

Франци -- Вилспет ю Страсбургера Адамийн бакъонийн Кхелана хьалха лаьтташ, ГIуран беттан 21, 2013

Шина тIамо хеназа дIабехьнарш, доьза байинарш эзарнашкахь багарло Нохчийчохь. Бехк боцуш хIаллакьхиллачеран дукхалле хьаьжча, Еврокхеле арз -леткъам бан арабевлларш дукха бац. Юххера стаг вайначу бахархошца къамел дича билгалдолу, цкъадолчунна, цу лакхарчу суьде дов кхачо таро цахилар.
Вайнахах дозаделла бIеннашкахь девнаш листина Страсбурган Еврокхелехь. Царех 200 сов дов дIадирзина Нохчийчуьра тIеман хиламаш бахьнехь Оьрсийчоьнна токхамаш бар тIедожош. Бакъонашларьярхоша тIаьххара гIардаьккхинчу терахьца оьрсийн тIеман ницкъаша лецна дIа а бигна, доьза вайина 36 вахархо бахьнехь, тIеман министараллин эскархой бехке а лерина, 2млн.300 эзар евро такхар тIедожийна Оьрсийчоьнна. Вуьшта аьлчи Дуьненан юкъарчу кхело Кремал бехке йина шен хенна куьг бехке зуламдай схьакаро ладаме гIулчаш цаяхарна.

Хууш ма-хиллара, вайнехан коьрта лазам а, ладегIам а хилла лаьтта лецна дIа а бигна ларйоцуш байнарш. Мел бу а ца хууш дукха бу цхьанха баха бевлча доьза байнарш а, нана йолчу хIоьттина, йиша -ваша гина схьабогIу аьлла, цкъачунна арабевллачохь доьза байнарш а. Царех цхьаннах дуьйцуш ю Старопромысал кIоштера яхархо Макка.

Макка: «1996-чу шарахь вайна сан йиша яхнарг. Март баттахь нана йолчу чухIотта араваьлла иза, Маяковски стадионна сехьаваьллий хаьа, цул тIаьхьа тIепаза вайна. Кхин тIейоьхна йовха бедар а йоцуш беркъа, кога туьйдина тудургаш хилла. Ишта вахана иза вайна-кх.

Ширван яра цуьнан цIе. Тоьлла дегI а долуш, товш, безамехь стаг вара, велавеллий бен стаге дIа а ца хьожуш. 30 шо бен кхин хан яцара. Цуьл тIаьхьа-м 17 шо а даьлла. ГIаш ваха а гена юкъ яцара, цуьнан нана еха меттиг. Кху сохьта а сатуьйсуш Iаш бу гергарниш, оццул хан яьллехь а. Байначу нехан массо тептарш тIаьх-м ву иза. ТIехIотта барз ца хилча, наха шайн стагах дог ма ца дуьллу»

Тайп-тайпанчу хьостанаша бен-бен терахьаш а далош Нохчийчохь эзарнашкахь бу тIепаза байнарш. Царалахь кIезиг бац Дуьненан юкъарчу кхеле орца муха деха деза ца хуурш а, кечдина кехаташ чудала таро йоцурш а. И санначех хуьлчух тера ду Маккас буьйцуш болу БициевгIар а.

Макка: «ДIавалахь церан арз-леткъам бийр болуш стагга а вац.Кхуьнга хIумма а ца олуш марвашас цхьаъ лела-м дина,амма Европерчу суьде бовла тарой олуш бац уьшша-м»

Зулам дина, къизалла гайтина веккъа цхьа билггал стаг а, лаккхарчу даржашкахь лаьттина Iедалда вехна а ца Iаш,дийнна пачхьалкхаш жоьпе йоьхуш Европехь болх беш Дуьненан юкъара кхел хиларна далла хастамаш беш бу цхьаболу вайнах.

«Нохчаша тIехь лелийна боьха мел дерг Iорадаккхарал сов Еврокхелехь нахала дохуш лаьтташ ду Оьрсийчоьнан тIеман министаралло а, куьйгалхоша а кхузахь, адамийн дахар цхьана а чоьте ца оьцуш, лелийна доза доцу харцонаш. Нахана ахчанца гIо хиларал сов стенан меха ду юх-юха а Оьрсийчоьнан куьйгалхой а тIеман буьйранчаш а цу кхело юьхьIаьржа хIиттор.»

Герггарчу барамехь ишта хьажам бу бахархойн. Схьагучу суьртехь вайнахана цу суьде кхачош долу девнаш кесталгIа лахлур ду бохург аьттехьа а дац.