Хьаькамийн хьарамло - къоман амал?

Оьрсийчуьра ахча

Нохчийн исторехь цкъа а ца хиллачу кепара суьпа ю Кадыров Рамзанан администраци. Ламаз ца дан ваьхьаш вац цхьа а хьаькам. Амма иштта тIера бу уьш, махкарчу статистико гайтарехь, къоланаш дарна а. Хаттар хIоттало: нехан хьакъ хьанал дина те царна цаьргарчу бусулбаллин кепо?



Нохчийчохь Iедалдай а, массо тIегIан хьаькамаш а Далла хьастабарна,Iамал ярна чIогIа тIера бу. Цунна даредо официалан хьостанаша. Бусалба нахана деза, лераме денош тIедахкарций, Iедалан куьйга кIел мел йолчу массо хьукхматашкахь сагIанаш доькъу, мовлидаш йоьшуьйта, гIийла бохкучарна гIо до. И тайпа къинхетамалла цхьа шатайпа ламаст а хилла дIахIоьттина махкахь.

Бакъду, цхьана агIор оццул суьпа, хьарам хIума аьттехьа ца дуьтуш, нийсонан дай санна гойтуш хьаькамаш а болуш, кест-кеста нисло Нохчийчохь уьш кхела хьалха хIиттор а.

Йохк-эцар ен кеп а хIоттийна, лачкъийначу 15 миллион сом ахчанна тIаьхьакхиина шаьш аьлла, хаам гIарабаьккхина мехкан прокуратуро. Шайн урхаллашций цIарца буьйцуш бу куьг бехке хьаькамаш. Низамхоша дийцарехь, бехкечарна 10 шаре кхаччалц хенаш тоха а сахьт дац.

Невран кIоштан гIантден гIоьнчан гIентахь Iийна кхин хьаькам, чохь яккха ши шо хан а, 40 эзар сом гIуда а тоьхна, тутмакхан гIанта хиина. Цунна бехке диллина спортахошна юург-мерг, бедарш а эца къастийна 1 млн. гергга ахча цо доладаккхар. Цунна кхел кхайкхийна Невран кIоштан суьдехь.

Бен-бечу тIегIан хьаькамаш жоьпе ийзийна масалш кхузахь кIезиг дац. Делахь а царна а, могIарерчу нахана а ден таIзар бен-башхалла йолуш лору цхьаболчу бахархоша. Иштачех бу Шелковск-кIоштара юьртабахаман белхалой Мусайп а, Халил а.

Мусайп: «Мел дукха ахча къайладаьккхина хьаькам а, цхьа-ши шо хан а тухий, вуьту. Наьрсийн банка лачкъийна мисканиг тоттий, хан а тухий, чувуллу. Москох дуьйна охьа ма ду иза, кхузахь хилла ма ца Iа. ТIеман министр хилла Сердюков миллиардашкахь ахча дина, маьрша витина. Москох мэр лаьттина Лужков Юрий дукха хьарамлонаш лелийна аьлла, вийца ваьккхира, цул тIаьхьа тап-аьлла дижийтира».

Халил: «Мисканиг, кхуьнна-м вала да вацара, олий, таIIавой, чувуллу. Миллионашкахь ахча кхаьллинарг паргIат вуьту».

Далла Iамал чIогIа еш бу бохуш, цхьана агIор кхайкхош а болуш, цу юккъехула хьаькамаш бу бохучара къоланаш дар аш муха кхетадо хаьттича, соьца къамел деш волчу Мусайпа а, Халила а элира.

Халил: «Нахана хьалха лелош кепаш хета суна цо ден ламаз. Ма-дарра аьлча, мичара хIун лачкъор яра те бохуш, дог-ойла а йолуш, деш ду цара ламазаш. Хьуна бакъдерг дезахь, дукхахболучара Кадыровх кхоьруш деш ду ламазаш. Дуьйцуш ду-кх, цхьаммо ламаз нийса ца дича, Турпал-Iелас цуьнга ламаз юхадайтина бохуш. ТIаккха хаьттина, муьлха ламаз гIолехь хийти хьуна аьлла. Шена-м ша динарг гIолехь хийтира аьлла вукхо, стенна аьлча, шолгIа динарг хьох кхоьруш дина ас, айса муха до а ца хууш».

Мусайп: "Шаберш а бу-кх и хьаькамаш кхоьруш ламазаш деш. Уьш иймане богIур бац. Со ламаз а дина, араваьлла, цул тIаьхьа ас къола до. ТIаккха сан ламаз кхочуш хир ду? Хир ма дац.Бакъал а Делах тешаш волчу стага къола дийр а ма дац. И цу юкъа догIуш а дац».

Бахархошна хетарехь, кхузара дуккха а хьаькамаш моттаргIанийн, шалхонийн йийсарехь бу. Ца хилча, боху наха, цара шайна маггане а могуьйтур дацара, дола яккхар-м стенна дуьйцу, шен йоцчу хIуманна тIекховда а.

... Европехь тховкIело а, болх-некъ а карийна бехачу вайнаха даредо, бусалба а боццушехь, хIума лачкъор, хьарам хIума леладар, хьаькамаша-м муххале а, цигахь тамаше, цхьа наггахь бен нислуш дац бохуш.