Януковичан а, оппозицин а херонаш чIагIлуш лаьтта


Украинехь кхерамзалла совйоккхуш, леррина раж кхайкхо лерина вац ша боху ЕвроБерте цигарчу президента Янукович Виктора, Киевехь протестхоша хьал эшош хилар билгал а доккхуш. Оцу хьокъехь хаам бина Януковичца телефонехула къамел динчу Европан комиссин векала. Еарийдийнахь Европан куьйгалхочуьнца Баррозу Мануэлца хилла Украинан лидеран и къамел. Киевехь хилла Европан гергарлонаш шордарехула комиссар волу Фюле Штефан. ТIедогIучу кIиранах халкъаний, Iедаланний машар меттахIотто Киеве яха лерина ю Европан арахьарчу юкъаметтигийн комиссар Эштон Кэтрин а.

Янукович Виктора еарий дийнахь парламенте дехна махкара хьал дийцаре дар. Ткъа оппозицино цхьа некъ бен ца магабо шайн президентна: дарж охьадилларрий, керла харжамаш кхайкхоррий.