Украинин Iедалехь лаккхарчу даржашкахь болчу нахана шайн махка бахкар дихкина Канадин Iедалша. Канадин иммиграцин гIуллакхашкахула волчу министро Александер Криса дIахьедар дина, иза хьакхалуш ду «дуьхьалонан акцийн декъашхойн аьзнаш лакъо гIортарна жоьпалле болчу Iедалан белхахойх» аьлла. Цуьнах лаьцна хаам бина «Iамеркин аз» олучу радионо.
Министро дийцарехь, Канадо тIейогIучу хенахь а гIортор йийр ю, лечкъа а ца лечкъаш, майра шен маршо а, демократи а къуьйсуш долчу Украинин халкъана. Цуьнан позицина тIехIоьттина Канадин арахьарчу гIуллакхийн министр Бэрд Джон. Цо дIахьедар дина шаьш керла санкциш кхайкхо мегаш ю Украини Iедалшна дуьхьал аьлла.