Шина баттахь сов Украинин Iедалшна а, цуьнан дуьхьалончашна а юкъахь лаьтта протесташ ерзон Iалашонца, кхин дIа а юхахьа узуш гIулчаш яхар тIедиллина оппозицино, Украинан президентана Янукович Викторна. Януковичан зорбан-секретаро бахарехь, пехийн цамгарна дарба а лелийна, оршот дийнахь балх араваьлла ву Янукович.
Iедал дIасахецарца боьзна сацам хIинцале къобалбина Януковича. Парламенто юхаэцна, урамашка арабевллачу нахана Iедало ницкъ бан магош долу низам. Лецна латтийна протестхошна билламаш болу амнисти а кхайкхийна. Амма Януковиче а президентан дарж охьа диллий, керла харжамаш дIахьо тIехь боху оппозици.
Иштта, цхьа а билламаш боцу амнисти еза оппозицина. Цул сов, 2004-чу шарахь хилла йолу, президентан карара ницкъ кIезиг болу Конституци юхаяло лаам а бу церан.
ХIинца шех Евромайда олучу Киевера майдане кхайкхинера оппозицино шайна гIортор еш берш, и кхайкхамаш кхин цкъа а бовзийтархьамма.
Оцу юкъанна, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло Украинерчу оппозице кхайкхам бина, «ультматумаш а, кхерамаш а Iадбита», аьлла.